Читайте также: |
|
Ибрагимов Лёма
НОХЧИЙН ФРАЗЕОЛОГИЗМИЙН МАЬIНАДАР
Арабаьккхина некъ – дан леринарг, Iалашоне боьду некъ
Арахьарчу неIаран арахьара зайл – хийра
Ахчано вина эла – ахча бахьанехь, наха лоруш
Аьшпийн /кIур/ кит – аьшпаш, пуьташ буттург
Бала боьссина шо – доккха вон деана шо /ун, тIом, цIерадахар/
Балийна бала – шен бехкенна, ша тI****ийна, тIебехна
Бел къагон йовхарш – каш ахка дезар долуш, велчий бен шайх стаг хьалха вер воцуш
Белла меза – партала зуда, зудабер; партала адам
Берзан амал – катухуш; ядорна, лачкъорна тIера; бек-хаме
Берийн хабар – берийн кхетамехь долуш; цIодар
Беха мотт – эладитане, хуург къайладохуьйтур доцуш
Беъна бала – бехк боцуш, ша тIебеъна бала
Бойн /буон/ гуьйре – гуьйренан довха денош
Боккха болх – барам-бустам боккха болуш; маьIне, чу-лацаме
Болатан /тIулган // дог/ дегнаш – чIогIа дегнаш, тIехIоьттинарг ловш
Боьрша къамел – дуьйцург дош а долуш; нийса, майра къамел
Буза лестина дашо малх – чубузу малх
Буса гIенах ма гарг – тIех ирча /сурт, сибат/
Буто дегI – чIогIа, могуш, таза; чорхаме
БучIи-баба – тIехь беркъа, дегI цIена ца лелош зуда
Буьйда адам – партала; малонча; хIума дарна тIера во-цуш
Вайх дахнарг – гIело йийриг; аьтто хьоьшуш, цIийца дерг
Вала цавезарг – уггаре хьоме, гергара
ВатIийна-ваьккхина шен да – тап шен да; шолгIа ваьлла шен да; дех чIогIа тера
Ваьлла орам – цIа; да-нана, тайпа-тукхам /Димту/
Виран амал – хатI доццчохь амале волуш
Воккха валарг – сийдоцчуваьлла волчарна а, нахана а совваьлла къано
ВорхI вешин йиша – езаш, хьоме кхиийна; тIаьхьахIотта нах болуш
Воцуш цатерг – хьоме, гергара; оьшуш
Воцчу дена вина Iужа – ден-ненан цхьаъ бен воцу кIант / тIех хьистина/ дукхахьолах, осала, чIичIъаьлла
Ву боху цIе – ву аьлла цIе хилар бен, кхин цу цIарна хьакъ воцуш; карахь кхин хIума доцуш
Вуон жIаьла – вуон адам, жIаьлийн гIиллакх долуш
Говран амал – цхьаьна а ца мегаш, вовшахкъаьстича а ца мегаш
Гутан гуьйриг – нисделла, буточу дегIахь жима адам; горга дегI-меже йолуш хьийкъина бер
ГIамар-гIаланаш – еккъа-цIена ойланехь хIиттийна, харца кийчча гIаланаш-моттаргIанаш
ГIонжакъехь а доцург – цхьанхьа доцург, лартIехь до-цург
ГIургIезан болар – куьцехь, тамехь, бадалкх болар
ГIургIезан ворта – юткъа-еха, товш; хаза
Да вийна мостагI – луьра мостагI
Даг тIера кIайн зезаг – дуьненан синкъерам
Дакъийн учетчик – оза, озалла валла /й, б, д/ воллуш
Дала дуьне делла стаг – Дела тIехьаьжна, ирс долуш; хьал долуш адам
Дашо бIелиг – бер хьостуш: сан хазаниг, хьомениг
Дашо корта – хьекъале, хаза; хьомечун корта; цIен-хьаьрса
Дашо куьйгаш – говза, беркате
Дашо лаьмнаш – йоккха хазна
Делла дош – ширделла, юкъараллехь ца лелаш
Дешан кхоссар – дашца Iоттар, Iоттабаккхам
Дийна дош – нахана юккъехь лелаш
Дегала хIума – доккха дог долуш
Деган эла – везар /езар/, хьомениг
ДегIан бустам – дегIан кеп, бIаьрсино лоцу дегIан сурт
Декъаза пал – къен, тиша, ледара
Делан /миска/ пекъар – гIаддайна-гIийла, гIорасиз адам
Делкъанна гина гIан – хиндоцург; самах хила бух боцу гIан
Дерг а, доцург а – долчунна доцург тIе а детташ
Дешан бакъо – дош ала, вистхила бакъо
Дийна дакъа – воцчу новккъа; оза, хесар адам
Диларийн тIекха – гайшик, верстина ваттIа воллуш
Доккха де – баккхий хийцамаш хилла, вуон /дика/ деъна де
Доккха дог – кура, сонта; дегала; ассна долуш
Доккха хIума – мехала, дан атта доцуш
Докъан полла – васте; дакъа; айина хьош долу дакъа
Дуй биина доттагI – кхин тешаме хила йиш йоцуш, те-шаме
Дуьне гина борз – лелла-а, шортта дика-вуон гина, хало лайна
Дуьне деса ца дита кхоьллина хIума – пайдабоцу хIума; воцчу новкъа
Дуьненан /дахаран/ бала – дахарехь, дуьнен тIехь нис-луш йолу халонаш, весаш, къаьхьаллаш
Дуьненан мах – беза мах, дахар
Дуьненан марзо – дахаран марзо, синхаам; уьйр-безамаш
Дуьненан синкъерам – Iаламах, адамах доьзна хазахе-тар; йоIаца сакъерар
Дуьненан Ялсамани – хаза, бIаьрса хьоьстуш, зовкхе, Iаламан хаза маьIиг
ДIадаьлла гIуллакх – толучуьра даьлла
ДIаяьлла пхьегIа – толучуьра яьлла; къена; йоьхна, тиша
Ездареш юьйцу хан – шира зама; таханенца ца йогIуш
Екъа майралла – сонталла; тIаьхьалонан ойланах херъ-елла майралла
Еса туьта – хьекъална эшна, кIоргенза
Еха зурма – хенахь хиндоцург; генара долийна къамел
Жерочун дакъа – жима дакъа, къа а хетта луш дерг
Жерочун кIант – тIехь да воцуш кхиъна: дегабааме, доккха дог долуш
Жинийн /пал/ базар – жинашца тайначу наха лело хIума /пал, молханаш, цхьацца гIирс/
Жинийн хьу /хIу/ – жинийн тIеIаткъам; Iилма тIекхиаза цамгар; хье, са талхон тIеIаткъам
Жинийн болх – жинаша дина, церан хьу /хIу/ йолуш
ЖоьжагIатин бIогIам – къинойх дуьззина, Iеса, иман доцу адам
ЖIаьлийн даар – доьша; чаьмза, чомехь доцу даар
Зингатан гIодаюкъ – юткъа, оьзда, хадда йоллуш
Зуд доь малх – аьхкенан йоккха йовхо лун сирла малх
Зудча-бахтар – зуда; зуда-бахьана; зуда хьахоза ца ваьлча, нахаца гIиллакх лоцуш олу
Зудчун шаьлта – цкъа а мекха ца дулу герз: мотт; мотт-эладита
Зуьдах даьлла зуд – шозза зуд; иэхь данне а доцу адам
Ирча гIан – сурт ирча долуш, чулацам къиза, къаьхьа болуш
Ира дош – маьIне, чулацаме, шен меттахь аьлла дош
Ирсан да – ирс долу адам
Ирсан хелиг – барамехь жима, кIезиг ирс
Ирча де – бохам беъна, бала боьссина де
Ирча /сурт/ хьал – къаьхьа, йоккхачу къизаллин тIахьало,боккха бохам
Йишин бекъа – йишин бер
Йоьхна /Iуьйре/ суьйре – бохам беъна, бала боьссина
Ка тоха Iемина борз – къу-борз, талорхо
Кега-мерса хIумнаш – механа яй, барамна кIезиг, баш-ха пайде йоцуш
Кешнийн охIла – кхелхинарш /кешнашкахь Iохкурш/
Котаман дог – стешха, шортонах хийра дог
Коьллаш юккъера къухала – кхин а ледарчу
Куйнан бакъо – шен куй шен коьртара баккха, дIатилла бен йоцу кIезиг бакъо
Куьйган бакъо – куьг /тоха/ таIо йолу бакъо
Куьркахь деттина /куьрка дулу/ шайтIа – Iаьржачу аматехь, йилбазалла долу адам; къардайна
Кханалера де – тIейогIу йолу хан, генахь доцу де; жамIе де
Кхерста жIаьла – волавелла, ваьлла лела /вуон/ стаг
Къаьхьа де – бохам баьлла де
Къаьхьа дош – вуон, восе, Iовжаме
Къена /гужам/ къуккъаз – чIогIа къанвелла воккха /йоккха/ стаг /кхаьрдаш/
Къена хабарш – маьIне, чулацаме; дуьне гина, хIумнаш лайначу нехан зераш, тидамаш
Къечу нехан хи таделла хан – Iа
Къоман идея – къоман коьрта Iалашо, нийса некъ; къо-ман дахарехь кхиаме некъ
Къоьжа Iилма – шира Iилма, йоза
Къу-берзан амал – катухуш, ядош, лачкъош
Къу-берзан буьйса – Iаьржа, дорце, шийла буьйса
Къуйн кхерч – къуй гуллун, цхьаьнакхета меттиг, лачкъийна хIумнаш юхку меттиг
КIадда ца бийриг – малонча; ямпарт
КIайн духар – кIайчу басахь; кисин духар
КIайн йийсар – /зуда/ йоI-йийсар
КIайн кисин мотт – Iожаллин мотт; цIена, керла мотт
КIайн маьлхан дуьне – дуьне
КIайн хабар – тIехьа лаьтташ хIума доцу хабар, синкъе-раман пуьташ
КIентийн /колл/ ковра – /хьуьнаречу/ кегийчу нехан то-ба
КIохцалх даьлла кIохцал – хьуьнаречух ваьлла хьуьнарениг
Лакхара тIуз – воккха хьаькам, дарж лакхара долуш
Лар йоцург – лартIехь /оьзда/ доцург
Лар толлу жIаьла – тарш-жIаьла, иччархойн эра-жIаьла; тIаьхьа лелаш, тIаьхьара ца долу адам
Лачкъаза дисна /моханна дуьхьала уьду/ шайтIа – хIилла долуш, къардайна адам
Лаьттан коржам – лаьттан маьIиг, лаьттан кIезиг мет-тиг
Лаьхьан корта – дIаьвше мотт болуш, кхераме, бохам бохьу адам /зуда/
Лаьхьан мотт – дIаьвше, питане мотт
Лекъаш дина кIорни – тIаьххьара /лекъаш дина/ бер
Лелла-а борз – дуьне гина, дукха лайна
Литтина деши – цIена цIандина деши: цIена, дика адам
Лоьмах даьлла /лом/ кIеза – майрачу ден майра кIант
Малх кхета дуьне – васте: дуьне
Малх цIа кхочу йочана – аьхкенан де уггаре деха дол-чу хенахь йочана
МаргIал дегI – жима, къона, хела дегI
Маржа дуьне! – байттамал-дуьне
Маьлхан бIаьрг – кIеззиг гучубаьллачу маьлхан тIеда, масех зIаьнар
Модийн уьйриг – модех вуьззина, боьха лелаш
Моз доккху моза – шена а, цIенна а пайдехь адам
Моз дуу моза – жуккар, цхьана а агIор нахана пайде во-цуш
Муьста адам – муьста дош олуш самукъадолуш, даим юьхь кхоьлина, муст а йина
Нана ю бохург – нана /Iоттабаккхаме/; гIиллакх лоцуш олу
Нанин /Нукка, Нуькка/ Ноькка – ледара, осала бер /вуо Iамийна/
Невцан кеп – невцо лелон деза гIиллакх-гIуллакх
Ненан баларш – нана хийла юьхьIаьржахIоттийна; юьхькIоме боцу доьзал
Нускалан кеп – нускалца догIу гIиллакх-гIуллакх /лелар-духар/
Овтаран кеп – куралла даг тIе йоьссина, малар мелла; ша-шех тоам бина синхIоттаман тIегIа
Пайдана метта бина хIайда – пайда бан а воьлла, дина зен
Паччахьан /маж лаьцнарг, мекх хадийнарг/ лерг лаьцнарг – майра; хьунаре /беламе/
Пекъаре яхна миска – декъазчуьнга яхна
Питане Iуьрг – питанча
Пуьтийн лежиг – аьшпаш буьттург
Са кIезга хIума – ледара, стешха; шен бен ойла ца еш
Са меца хIума – даима са меца лаьтташ, мел йиъча а ца вузуш, дуьненан хIумнах ца Iебаш; сутара, пис
Саьхьара ЖоьжагIати – уггаре луьра ЖоьжагIати; стаг халчу хьолехь латто меттиг /набахтни, концлагерь, тIеман аре/
Сийна саьрмик – дIаьвше мотт болуш, девне, зуламе /дукхахьолахь – зуда/ адам
Стиглан дари – бIаьрсино лоцу стиглан куьзга, сийначу басахь стиглан экъа /васте/
Суйнах баьлла суй – чIархъаьлла, каде, доьналла долу дикчу ден дика кIант
Суьпа /стаг/ нах – динан арканаш нийса кхочушдеш
Тайна адам – куц-кеп хаза, безамехь долуш
Тап шен да – дех тера
Текхан доттагI – юучунна-молучунна тIехь бен гIо-накъосталла ца ден доттагI; боттагIа, гайшик
Тесча, кхолла – елча, яа бен, кхин хьуьнар доцуш; шена яахIума яккха а де доцу адам
Тилла адам –нийсачу новкъах хаьдда; данне а доцчун-на, зуламна тIаьхьа я хьалхадаьлла адам
Тилла тоба – юкъараллин низамехь доцург лелош, юкъ-аралло тIе цалоцург лелон зуламе тоба
Толла айгIар – могуш, таза, доьналла долу сонта адам
Туьхлахь бина нIаьна – доцург; бух боцуш кхоьллина хIума /хабар, эладита/
ТIедеха вон дисна доцу бала – боккха бала
ТIергIан шаьлта – тоьхча, Iоьттича зен дийр доцу герз; осалчу стеган багахь-дагахь тIом /гIам-гIим, яппарш/
Уггаре Iехалу хан – жима, къона, хаза хан; жималла
Хадда йоллуш гIодаюкъ – оьзда, юткъа
Хаза бегаш – массеран а сакъералуш, цхьанна а вас ца еш
Хаза хабар –ладугIучунна товш; маслаIате; хазчу озаца, кIеда-мерза, чулацаме къамел
Хаза /денош/ хан – цхьаьна мерза яьккхина хан, паргIат, са дууш хIума доцуш; жималла
Хала адам – вуон амал йолуш, бартана чехка
Хан тоьхна-а /борз/ пионер – ханна /шерашна/ жима воцуш, хенара; къаналле лестина
Харц дуьне – вайн дуьне
Харц Iаббаз – харц, къардайна, сонта адам
ХатI доццург – хаза доцург, лартIехь доцург
Хела йоI-йиша – коча, къона, хаза йоI-йиша
Хих бина шад – балун боцу шад; далундоцург
Хуьл-хуьлуш хилла хелиг – хенан йохалла; меллаша хилла
Хьерахь а, хьаьттахь а доцург – цхьанхьа а доцург, лартIехь доцург
ХIож-корта – боккха корта, дегIан бустамца ца богIуш
ХIума южу меттиг – кара хIума йогIу меттиг, дуьненан рицкъанах хоттавалла аьтто болу меттиг
ХIурда чу цу кана – кхачаме доцург; тIех кIезга; кIезгаллин тIегIа
ХIуьрлаьIа мехкарий – хаза, дуткъа, лекха догIмаш до-лу мехкарий
Цу берг – яахIума ерг, къен воцург; зуда кхабалун верг
Цхьана /куллан кIохцалш; ден ши хьакха / кетаран мезий – цхьана доьзалера, кхерчара; вовшех тера ца хилча ца бовлу; цхьаъ бу; цхьана бу
ЦIийнан дукъ – цIен тIехь дан мел дезарг, мел оьшург
ЦIийх даьлла цIий – цуьнан, цунах терра ву; шайн /тхан тхешан,цуьнан, сан/ ву; доьзалхо
Чалахь бинарш – къечу нехан доьзал; эхь-ийманах дIахаьдда, яхь гIорийна; хIуъа дан эхь доцу нах
Чо чехка чола куй – беха, буткъа чо болу сира, мокха куй
Чучча захалонаш – ийна /шина вашас ши йиша ялийна, несо маьрйиша шен вешина йигна/ захалонаш
Чуьра дов – цхьана тхов кIеларчу я цхьана цIийнан не-хан вовшашлахь дов
Чуьра /къу/ мостагI – доьзалера, кертара
ШайтIан амал – ма де боххург бен ца деш; къардайна
ШайтIан болх – адаман хье баьхьна хилларг; эм-иэсехь волчо ца дендерг
ШайтIан ког – Iоттабаккхам
ШайтIан куй – тиллича, бIаьрсине лаца ца луш, къайла-воккху бохуш дуьйцу
ШайтIан нуц – зуда ялон хан тIехъяьлла, зуда йоцуш, жоьра боьрша стаг
Ша тIехь йина гIала – бух боцуш, тIаьхьало йоцуш до-лу хIума, цхьана дийнахь доьхна дIадаьндерг
Шен кIесаркIаг гуш а гундоцург – цкъа а гундоцург; хиндоцург
Ши пIендий, цхьа къамкъарггий /ши тIаммий, цхьа цIогий/ – оза, хесара
Элан бос – товш, тамехь бос /цIен богуш бос/
Элдара дегI – товш, тIахъаьлла, куьцехь; атта лелош
Эмкалан хьажар /неол./ – кура
Эпсаран кеп – маларх кхетта, куралла даг тIе йоьссина
Яйна тIаьхье – ледара, осала, доьналлина цIура тIаьхье
Ялсаманин хьаша – ийманехь ваьхна, валар хилла
Ялсаманин хьоза – иман лакхара долуш
Яьсса пхьегIа – хьалакхоьссича охьа а воцуш, хIела-хIуьла
Яьсса /хIума/ туьта – хьекъална эшна, ассна доцуш
Iаьржа бала – боккха, беза бала
Iаьржа де – бала беъна, бохам баьлла де
Iаьржа дог – хьогIе, чIире дог
Iаьржа ун, лен талу – дIаьвше, уьне мел дерг
Iаьржа Iа – ло доцуш, довха
Iилман корта – хьекъал долуш, хаарш лакхара долуш
Iовдал ойла – лартIехь йоцу; сийдоцу, къиза ойла; зен-зуламан новкъа воккхун волу ойла
Iожаллин мотт – вала вуьжу /вижна/ кIайн кисин мотт
Iожаллин сахьт – кхелха, ле сахьт
Iожаллин той – тIом; дукха баларш хуьлу, доккха цIий Iанорца доьрзу зен-зулам, латар, тохар
Iожаллин /маIа-макажойн/ хелхар – дуьненах дог диллина тIамна, Iожаллина сица, дагца кечлуш деш долу чIагаран хелхар
II
Балхана тIера – къахьега мало ца еш
Бартана чехка – бага /дага/ деънарг, ца сецош, ма-дарра дIаолуш; сиха лер долуш
Дала а, наха а делла – ирс долуш, Дела тIехьаьжна
Дашна /маттана шера/ говза – олург говза олуш, ала, дийца хууш
ДегIана аьхна – дегIана тамехь
Дела тIехьаьжна – ирс долуш; Дала дуьне делла адам
Дечунна тIера – къахьега мало ца еш, дечух самукъадо-луш
Долчунна къера – догцIена; шен де хууш
Жинаша иэгIийна – жинийн цамгар кхетта
Жинашца тайна – къайлах ницкъ, хьуьнар долуш
Ка каде – тIахъаьлла, каде
Ка куьйса – ка ледара йолуш я янне а йоцуш
Когана маса – сиха, чехка водуш, вадалуш
Куьг говза – говза пхьар
Лергана онда – къора, лерса таьIна долуш
Лергана сема – ира лерса долуш
Лерсинна тамехь – лерса хьоьстуш, лерсинна аьхна
Маларна тIера – молуш сакъералуш
Набарна тIера – наб ян лууш, наб дукха еш
Нур дашо – дашо нур а догуш
Са цIена – цIенчу хIух, сих схьаваьлла /й, б, д/; оьзда
Са дуткъа – чевле, дегабааме; хIуман дуьхе сиха кхуьуш
Са кIезга – стешха, эндаже, осала
Сан хила тамехь – сох тера; со санна декъаза, ирча
Са чIогIа – ассна долуш; доьналла, хьуьнар долуш
ТIам шера – мас шера йолуш
Унах цIена – могуш, таза
Хабарна тIера – дукха луьйш, дуьйцуш самукъадолуш
Хьекъална эшна – кIоргенза, хьекъална гена воцуш
Хьеша-дена муьтIахь – хьаша дика лелош, хьешан гIуллакхе хьожуш
Ца гуш – дика – ца гина де ловзар а долуш, бIаьргашна хьалха ца хIиттар цуьнан дикалла а йолуш
ЦIий цIена – цIий ийна доцуш, боьха доцуш, цIенчу хIух
ЦIий чехка – аьрха, сиха
Чкъор /цIена, ховха/ кIайн – кIайчу басахь, амат, си-баттт кIай долуш /куьйгана кIеда, ховха дилха долуш/
Шен балхана къера – догцIена; шен де хууш
Шена дика – шегахьа узуш, ша дукхавезаш
Шен синна декъаза – са дуткъа; мел дийриг шена бале долуш
Юучунна тIера – юуш самукъадолуш, гайшик
III
Ала ца дита – бехкбаккха хIума ца дита
Аматаш баха – кIирвоьлла вехха леррина хьежа
Ант даккха – гIалат каро, сакхт даккха; дерт дан
Аттачу вала – халонаш лахъяла; гIуллакх юкъал тIехдала
Атта хета – вай хета; атта ду мотта
Бага экъан тIе яккха – анталвала, цец-акъвала
Бакъхьачу кховда – юьхькIайчу, нийсачу; са яьн йолчу
Бал тан – аьтту бала, аьттоне дерза
Бале вала – шех бала бан, бохам баккха, новкъа гIерта
Балди тIе дума хьекха – тов-товриг дийца /ала/; цхьаьннан йилбаз хьаста
Баргол /буржал/ тоха – вехка; къовла
Барзо лоцчуьра лаца – вортан тIера /лаг лаца/
Басах тила, сибтах воха – бос бахьа, сибат дан, хийца-дала
Баьрчче /ваккха/ вала – тоьллачу метте, сийлахьчу
Бегаш тIера дIадала – дов гена дала; низам чIагIдала; той тезете дерза
Берам баккха – велха /й, б, д/
Берг таса – кура хелхар дан
Берзан гIулг юккъехула /даккха/ дала – барт иэгIа
Ботт а тIехь вовза – дукхе-дика вовза
Буй буза – хIума кара кхача, са яккха
Бурч йохка – жоьпе озо, дов дан
Бух ахка – бух талла, бухара, орамера дуьйна талла, зен
БIаьрг бада – дог дала, чам бан
БIаьрг буза – бIаьрг Iабо, Iаба; дог реза дан
БIаьрг /хила/ лаца – цхьана вуочу адаман дог даха, и Iаткъам цамгаре, бохаме берза
БIаьрг тоха – хьажа, дIасахьажа
БIаьрга Iитта –бехк баха; бIаьра хьалха иэхьа
БIаьргаца важа – хьаьжча а, гича а там, тоам хила
БIаьргашна дуьхьал пардо тийса – хIилланаш лело
БIе яккха – малар мала /I00 грамм/, кад тоха
БIостанехьа верза – дуьхьалвала; дегабаам бан
БIозза ала – дукха дийца
Вала /хIотта/ вожа – доркъанна вожа; чIогIа холчу
хIотта; лечу хьола тIе вала
Васхал яккха – баьрчче /гуччу/ яккха
Векхчуьра вала – шена гIайгIа балучу хьоле вала; тIера вала
Вирах Iеха – вон мохь хьекха
Вовшийн /пехаш/ тIамарш яа – къиза, дера вовшех ла-та
Вота тухучу тIе вала – кхоччуш къийвала, гIуллакхаш тишдала; орца доккхучу тIе вала
Гай дийца – гай хьехо; юург-мерг хьехо
Гала-гIожмех ловза – берашха лела; пайда боцург лело
Генна дIадилла – эсе дилла, цкъачунна ца хьехо
Ги волла – ги хао, тIелаца, дIатекхо
Ги хаа – тIевожа, ша дIатекхавайта
Гома хьежа – цабезамца
Гонна ваха – гуо баккха
Гоьл тIехь ког кхаба – гоьл тIе ког а биллина Iан; кура Iан
Гур богIа – тешнабехк бан /кечбан/
ГIант къийса – дарж къийса
ГIенах гIовла хийша – гIенах тIехIитта
ГIодаюккъе тIехаа – шеко йоццуш охьатаIо, эшо
Дагара хаийта – деган лаам бовзийта; эвхьаза вала
Дагна даьтта хьакха – дагна тамехь дерг ала, дан
Даг тIера вожа – дог дала, чам бан, чекх са ган; сий дан
Даг тIе хIотта – чIогIа новкъа хила; чIогIа везавала
Даг тIе шайтIа хаа – амале вала, синкхетамах хер а вел-ла, дуьхьалвала, шайтIан мукъаваха
Даш тIе хаа – цхьа дош /я фразеологизм/ кест-кеста къа-мелана юкъакхийса; ша аьллачунна тIера ца вала
Даш тIехь лаца – аьллачух пайдаэца; ойла а ца еш, аьллачунна тIехь чIагIван
Даш тIехь саца – аьллачунна тIехь, барт бинчу тIехь
Даша юккъе эккха – юккъехула шениг дийца
ДаI тIе туьха тийса – Iовжаме дерг юх-юха дийца, дог этIо, чов кIамъян
Даьтта а хьоькхуш, корта баккха – хаза а дуьйцуш, цIела керчо, хIаллакван; тешнабехк бан
Де даа – де такха, сакъера, самукъадаккха
ДегI кIелхьарадаккха – дегI дадо, кхерамна генадаккха
ДегIан бустам коша бахьа – кхалха
ДегIах хьацар даккха – къахьега
Деза детташ дийца – доцчух хIума дан; дашца дозаллаш дан
Дера дилла – хьаьшна, аьтта дIадаккха, дIаиэдан
Дестош дийца – доцург тIе а детташ; долчул сов
Дехьа-сехьа вала – вахна-ван /хьажахIотта/
Дешнаш дайа – эрна лен, дийца; кхочуш ца деш, дита
Диканах дог дилла – диканах тешам бан
Динарг дита – къинтIеравала; бекхам ца бан
Динара восса – паргIатвала; куралла йита, схьаиэ, ша лакхара а ца хеташ, массаьрца а нисвала
Дог даккха – чам байа; бенцахетаре, цабезаме вига
Дог охьа – дагахь дерг дIадийца; деган лаам бовзийта
Дог-пах охьадилла – эсала караваха; шадерг, хIума ца лачкъош, дIадийца; къайле ца хила
ДогIанах ведда чухчари кIел эккха – цхьана бохамах ведда вукху бохамна кIелаваха
ДогIанах елха /в, б, д/ – чIогIа, дукха елха
Докъан полла бина вахьа – барми тIехь /кешнашка/ айина вахьа; дегIана дола ца далуш я нуьцкъала айина вахьа
Доркъанна /доркъане/ вожа – сингаттамна кIел саца; гIайгIанна вожа
Доцург дийца – харц лен, дестош дийца
Дош даккха – чIагIо яйта; дош далийта
Дош доцург дийца – цаоьшург, пайдабоцург; IаIам хин-боцург дийца
Доь дайа – хIу кхачо; лар йоцуш дIадаккха
Дукха ла дегIа – ладоьгIуш дукха хан яйа, сатийса
Дуьне лаха – хьал-бахам гулбан, стамбан
Дуьненах дог дилла – Iожаллина къера хила
Дуьненна а дарвала – массарна а, массо хIуманна а чIогIа оьгIазваха, реза ца хила
Дуьхе гIерта – бахьане; хиламан, долчун даге гIерта
ЖоьжагIати яккха – къинош лето, Iеса лела
Жинийн хьу кхета – жинийн цамгар кхета; аттачу бал-хах тIера ца йолу цамгар кхета
ЖIов дIаяккха – кураллех вохо, могшалла талхо
Зайл /тоха/ бетта – гIайгIа бан, бух кечбан
Захало дийца – гIуллакх хиндолччу агIор къамел дан, хаза дийца
Зуд хьекха – зуьдалла лело; стаг шегахьа воккху зуьдал-ла мел дерг лело, дийца
/Хьалхара/ зIар дIадаккха – дуьхьало дIаяккха
ЗIок етта – Iиттарш ян, марсаваха, иркарахIитто
ЗIок а тоьхна, дита – дола а дина, дита; жимма а кхаьллина, кхин дIа ца яа
Ижу лаха – /теллина/ юург лаха
Ирхо яккха – хьуьнар дала, лакхе яккха
Иъ-миъ баха – ийзавала; хецца, ма-дарра дIа ца олуш, тийсалуш, соьцуш дийца
Йист-бIаьрга лелха – цхьаннах тера лен, лела
/кхаьрдаш/
Йист яккха – чекхдаккха, цхьана хорша дерзо; дIадерзо
ЙогIург яккха – хьакъ ерг, яккхалург
ЙогIург дIаяла – хьакъ дерг, боггIу мах
Йожуьйту-уш яхийта – сих ца луш, меллаша
Йома тилла – цхьа тема дан, ледара кхочушдан
Йорах /дорах/ ца дита – зен-зулам дан, бекхам бан; дох-коваккха
Йорт етташ лела – ваьлла /сиха/ лела
Йорт эца – болар сихдан, сихчу боларехь /ваха-ван/
Кад тоха – малар мала
Ка къийла – писвала, писвола
Ка къовса – хьуьнар, ницкъ къовса
Караеънарг тIетоха – дера лата
Ка хьакха – шортта шен долаяккха; вуо, шога хьаста
Ка яхийта – юьстах яккха, лачкъо; каде хьаьвзина, шор-тта даккха /яккха/; куг /куьйгаш/ тоха
Ка яла – аьттуо бала, кхиа
Кийрахь вахкавала – хьагI есто, кхехко; ша-шена дагна ницкъ бан, шен са даа
Киса дуза – шортта ахча даккха; са яккха
Когабуьхьар лела – бай-йн ког а боккхуш, къийлалуш, новкъарло ца ярхьама; неслахь хила
Кога ваха – гIеметтахIотта
Коган кIело хила – тешаме накъост, гIортор хила
Ког коша шарша – валарна гергаваха
Ког хецца дIавижа – сапарггIат
Ког хьекхийта – йоIаца ирахь Iан, цуьнан ойла тIома яха
Корта айа – куравала; иэхь хета, вага хIума доцуш корта айина лела /ваха/
Корта бахьа – Iехо; ойланца шегахьа ваккха /яккха/
Корта бетта – дехар дан
Корта кара билла – шадерриг кхечунах тешо; эсала ка-раваха
Коча ваха – девне вала; лата чугIерта
Коча таса – цхьаъ цхьанна тIехеца, девне ваккха; питана таса; тIевожо
Коша дахьа –цхьа къайле шеца коша яхьа
Коша хьежа – валарна гергаваха
Коьрте дала – маларо кхоччуш вахо; малар сиха коьрте кхача; цхьа хIума бале дала
Коьшкала хаа – тIехаа, тIевожа, бале вала
Куй билла – билгалонна, тоьшаллина, меттиг дIалоцуш; чекхдоллучу нисвала, гучу а ваьлла, сихха дIаваха
Куй буьтучу /буьттучу/ кхача – сийдоцчу вала; сий дан, юьхьIаьржахIотта
Куралла детта – дезадетта; кура лела, кура дийца, пе-бетта
Куьйгаш тоха – йоIана, зудчунна хийрачу стага куьг тIедахьа; маIзар дан
Куьйгаш довхачу хица дила – ламаст: тIехьийза йоI кхечуьнга маре яхча
Куьйгаш Iитта – юкъ-кара болх бан; муьшканаш ян, эв-хьаза вала
Куьйге /баха/ бахийта – барт-машар бан, вовшийн къинтIерабаха; маслаIат дан
Кхаж бала – аьтто бала
Кханенаш яхка – кхана-кхана бохуш, хан тIаьхьатетта
Кхетта вала – цIеххьана, сиха кхалха
Кхечу экъан тIе даккха – кхечу гонна тIе даккха, маьIна, Iалашо хийца
Къа деха – сардамаш дихка
Къамкъарг /лаг/ лаца – охьатаIо, иэшо, таIзар дан
Къап-къарс эккхийта – йоккха гIовгIа /ченан кIур/ якк-ха; чохь хелхар дан
Къа ца хетарийн карадаха – дог ца лозучийн карадаха
Къаьхьа къаста – вас еш, девне
Къечалг эца – тиша хIума, вовшах ялла йоллуш
Къила ваха – къа тIе лаца, бехкана къера хила
Къовзийна яла – цхьажимма, йоккхачух жим-тIамма
Къурд ала – эшна лара, къаро ян
КIаж-мехаладаккха – коьртах даккха; тидам тIебахийта
КIайчу маттахь цхьана хала – вовшех марзо эца
КIелдIахула хьежа – къайлах, хьажар ца лацалуччу агIор; цабезаман, тIех эхь хетаран билгало
КIесархье ваха – синкхетаман уггаре лахарчу тIегIан тIе вала, гIан-набаршка, тамтаршка ваха
КIел ког таса – тешнабехк бан, новкъарло ян
КIесаркIаг гайта – букъ берзо, дIаваха
КIомсарш гайта – луьра дуьхьало ян
КIумс ата – корта ата, коьртах хIума тоха; етта, жоьпе озо
КIур байа – доь доцуш, мел верг хIаллакван
КIур хилла бIаьрга хьовза – чIогIа бале вала; вуо Iаткъа
Лам-латта къовса – къовсаме, тIаме вала /доза, шу къовса/
Латта эрна хьеша – шена а, нахана а пайденна воцуш ваха Лаьтта восса – долчун нийса хьесап дан волавала, кхета, меттаван
Лаьхьа хилла дуьхьал яла /вала/ – къардайна; кхета, юхаяла дагахь а йоцуш
Легашка хIотта – бале дала; марахдала
Лергах мехий даха – кIордадаллац, диц ца лучу хьола тIе кхаччалц дийца
Лерах тоха – дIахаийта, дIадийца
Лерган дуьхьиг ца охьа – ла доггIане а ца догIа
Лерехь /века/ цIийза – уллехь, юххехь века; дукха лен, велха
Лечкъарчех ловза – пайдабоцург лело, вовшех лечкъаш хIилланаш лело
Ловцаш /лугIа даккха/ баха – хасто, декъалван, баркал-ла ала
Лол /тоха/ бетта – гIийла бахьанаш лело, кIел ца виса /къар ца вала/ гIерташ, цхьацца тема дан
Мара ирах тоха – куралла дета; даг тIе куралла йосса
Марах даккха – дохковаккха
Маре ваха – зудчунна тIеваха
Махках /ваккха/ даха – халкъ нуьцкъала шен махкара кхечу махка дIадига
Махьар шахьаре дилла – зуда ялор кхайкхо, ловзар дан
Мер кIел эха – дукха улле, юххе
Меттан боьххьехь диса – дIаала сакIамлуш, дага ца догIуш диса; дагадан доллуш
Мотт бастийта – ламаст: несана йистхила бакъо яла, некъ баста; вистхилийта, схьадийцийта
Моханаш кхехьа – кест-кеста моха тIеян, велха-чIеIа, оьгIазъэха, девне-цIогIане вийла
Мохе-малхе вала – нахана юккъе вала, чу-ара вала, во-лавала; дехьа-сехьа ваха-ван
Мур бахьа – хан-зама такха; цхьа хан такха
Накхош /настарш/ иэхьа – боьршалла карзахъяха, дер-зина накхош /настарш / бIаьрга Iитта
Наха сагIа ца лучу ваккха – сий дайа
Некъ бехка – некъ къовла, маьрша ца бита
Некъ бита – некъан маршо яла, новкъарло ца ян
Некъ лаха – таро-аьтто, вевза-везарг-мотт лаха
Некъ лаца – зуда /юьгуш, ялош/ нускал эцна богIучарна некъан хьовзам баккха, некъ бехка /кхоан дуьхьа/
Некъ нис ца бала – некъан аьтто ца хила, даьхьнарг кхочуш ца хуьлуш юхаверза
Ненан цIе /Кеса/ Пака ю моттийта – ласто, вего, кхак-ха бего, таIзаре оза
Несала ваха – декхарийла, бехкала ваха; цхьаьннан куьйга кIел ваха
Несаршха мотт кхаба – несарий санна, вист ца хуьлуш, мотт кхобуш / ца ваьхьаш, ца хIуттуш/
Неслахь хила – декхарийлахь хила; шен лаамехь воцуш, кхечун куьйга кIелахь хила
Нехан луур дала – нах кхардо, бело
«НеI-неI» бахийта – готта хьовзо, неI лохучу тIеваккха
Нитташ тIе вилла а ца мегачу ваккха – сий дайа
Новкъара нацкъара яккха – лачкъо, тало, шена ерзо; новкъарло ечуьра дIаяккха
Нохчий матттахь ала – кхетачу /агIор/ маттахь; дIабохучух ца кхета бахьана доцуш
Нуьйр тилла – куьйга /кога/ кIел вало; муьтIахь ван
Обарг вала – Iедалх, чIирах ведда къайлаваьлла лела
Ойла човхо – ойла эккхо, тIаьхьара яккха, яйа
Оппа даха – хьошалгIа /берийн лексика/
Орам талла – бух талла /ахка/; бухара талла
Орамца бухдаккха – кхин юха ца даьндолчу агIор, буха хIума ца дуьтуш; меттахIотта бахьана ца дуьтуш
Ор даккха – ямартло, тешнабехк кечбан
Ор чу эккха – шен бехкенна хIаллакьхила, юьхьIаьржа хIотта
ОхьаIеттадайта – охьадиллийта, такхийта
Пайдабоцчу дала – дош доцчу дала; механа дайдала
Пе /бетта/ тоха – улле ца ван, тIе ца ван, къехкаш лела
Пиллиг хьекха – гонаха хьийза, тIехьийза
Пурхе ата – пурх /раз-гара/ вада, ида
Пхьуьйша волла –дахаран Iаткъамах тIех ларван
Пхьуьйшахь лаьхьа иэхье – къайллах кхерамаш тийса
ПIелг /болла/ бахийта – лачкъо, тало, зен дан
ПIелг а бетташ, харжа – шена луъ-луъург, хазахет-хетарг харжа, къасто
ПIелг /Iотта/ хьакхабалийта – эвхьазло лело, муьшка-наш ян
ПIендарш юккъе гIаж Iитта – тера-мера йоцу Iиттарш ян; догдеттIарг дийца
Рахь /ратIа/ ботта – пуьташ ботта
Рицкъ хила – доьгIна, Азаллехь язделла хила
Са даа – са гатдан, кIамдан, синна Iеткъа
Са даккха а, дола а ца вита – готта хьовзо
Са дахьа – са шегахьа даккха; чIогIа кхеравала
Са дита – кхалха
Са дуткъадала – са кIаддала, ирдала
Са кIажийн пхенашка досса – чIогIа кхеравала
Са лоццучу /лоцце/ тоха – синметта, са доллучу
Са малхадала – паргIатдала, зовкх хьега хIотта
Са тIехь латта –хаддаза /уллехь/ тIехь латта
Сах-пахе хила – са меттадеана; хьалха санна
Синехьа /вала/ верза – сине ладегIа
СинпIилдиг схьаэца – са эца, са лаца
Сискал лаха – рицкъа лаха
Тайнначохь дита – хазделлачохь
Тайнигех ловза – IаIам, пайдахинбоцург лело; берийн кхетамара валаза хила
Тап-марха ян – моттаргIанаш лело, тера лела
Тахьтаргех ловза – берийн ловзарех ловза, IаIам хин-боцург лело; берийн кхетам хила
ТIадам билла – чекхдаккха, хадо, йист яккха
ТIамарх /цIийх/ дола – амале дерза
ТIаьххьарчу новкъа вала – бармахь кешнашка боьдучу новкъа вала
ТIемаш довла – дIаэккха, дIаваха ойла кхиъна яьлла хи-ла
ТIе нехаш хьекха – емалван, доцург кхолла
ТIехула а ваьлла дIаваха – накъосталла ца деш, юха ца хьожуш, бен дIа ца хеташ, дIаваха
ТIехь дечиг даккха – чIогIа етта, таIзар дан
ТIома кIел волла – цхьаъ шен дезаршца тIелаца, цуьнан массо хIуманна тIехь дакъалаца
ТIуз тI****а – гIуллакхаш тодала, аьтто бала; тола
ТIурнене яхийта – стигал яхийта, /лекха/ лакха хьалак-хосса; садаккха; там бина, са стигла, мархашка даккха
ТIуьрлиг ботта – аьшпаш ботта
Уккал тIе хIума /тоха/ йилла – яьIни тIе хIума тоха; тоьхна меттавало
Ун дала – цхьаннах кхетта цамгар тIеяла; вониг даржа
Уппадваккха /гIибаваккха, гIибатттаса/ – чIогIа етта, йиттина, дегIана дола ца даллучу ваккха
Уьттаза ала – дукхазза; цкъа аьлла ца Iаш – масийттаза
Уьшала волла – зен-зуламна юкъаозо, декъаозо
Хаза воцчу вала – иэхь-бехках мукъавала, гIиллакхах воха; талха; къанвала
Харцхьа кховда – вуочу метте, ца оьшшучу кховда
Харцхьа тида – бIостанехьа; нийса ца тида /ца кхета/
ХатI доцчохь бохь богIа – дан цадеззачохь дан
Херо /юккъе/ йола – уьйр-марзо лахъяла, хервала
Хецна вита – шен лаамехь
Хецца дийца – ийза а ца луш, майрра, юха а ца хьоьжуш
Хецца яхийта – ма-йоьдду, урх малйина, юха ца ийзош
«Хи да» бахийта – луьра таIзар дан, ницкъ бан, етта
Хи хи тIе кхехьа – эрна къахьега
Хоршара вала – низам талхо, цхьана некъана нацкъара вала
Хорша верза – нисвала, кхета, низаме ван
Хотталахь восса – таро йоцчохь, ца лаахь а, лууш санна
ХьагI /гамо/ лаца – эмгаречу ойлан йийсаре ваха
Хьажо-ош тоха – лерина, дикка Iалашо а лаьцна
Хье схьаэца – синхааман Iаткъам бан; Iехо, тило
ХьеттIа маIа йолла – сий дайа, юьхьIаьржахIотто
Хьожа кхета – хаадала, туосадала; талха
Хьокханна тIе яха– сийдоцчу яла, юьхьIаьржахIотта
ХIоьра-хIора /хIера-хьоь/ даккха – даржо, тало, во-вшахдаккха
ХIу хада – тIаьхье йоцуш виса, орам бакъабала
ХIушт-пушт хила – дийцинарг, дан леринарг кхочуш ца хила, дийцар а хилла диса
Ца лозу корта бехка – шен гIуллакх доцург, бала бо-цург, цадогIург лело
Цергех хи дала – чIогIа хьоьгуш /сатесна; езаелла/
Церг /таса/ тоха – чоме хьажа, жимма кхалла
Церг яхийта – акха лазо, дезар дан
Цхьа агIо лаца – цхьаьнгахьа вала, цхьанна тIаьхьа
хIотта
Цхьана бIаьргахь велха – дог ца догIуш /моттаргIанна/
Цубуу /ата/ чуяхьа – бат ата, бетах хIума тоха
ЦIакел дехьеш яхка – гIуллакх гена тетта, тIаьхьатетта
ЦIартIе яккха – маре йига; долаяккха
ЦIарца ловза – кхераме, бохаме дерг лелон
ЦIерга эккха – хIалакьхила
ЦIе тоха – цIарца билгалъяккха
ЦIе яккхийта – хьуьнар гайта; цIарца нахе ша вийцийта
ЦIий лаха – бекхам бан
ЦIий мийла – чу са ца доуьйтуш ницкъ бан, гIело ян, вацо
ЦIийца даккха – тIамца, вер-вакхар а нислуш, хала
ЦIоьк ала /цIук баккха/ – барт баккха
ЦIуквала – баIвала, лерина кечвала
ЦIурк туьллучу кхача – чекхдолучу кхача, болх йисте боллучу
Чам бала – дог дала, кIордо
Чан тийсийта – хьалхара идийта; кхеро, иэшо
Чевна тIе туьха тийса – дог детI-детIарг юх-юха дийца, карладаха
Чекх са гайта – ма-варра /ледарчу агIор/ ша гайта
Чомехь дуьне даа – лартIехь, кхин даккхийчех зен-зулам доцуш
Чохь вахкавала – кийрахь вахкавала
Чохь виса – кIелвиса, аравала де доцуш, меттахь воьжна виса
ЧухIотта – чохь-арахь оьшург дар шена тIе а лаьцна, йолах болх бан; кийрахь IаIа, дагах кхета
Чучча /баха/ ваха – тIеттIаваха; вовшех хьарча, лата
ЧIанаваккха – долчух ваккха, къийван
ЧIиччIашка ваха –лазийна я дегазаллина юьхь хебар-шка яхийта /яха/; дегазаллин йийсаре ваха
ШайтIан бIаьра хьежа – бIаьрганегIар ца тухуш, цхьа-на метте кIирвоьлла хьежа
ШайтIа кийра дола – шайтIан мукъа ваха, шен амалехь доцург лело
ШайтIане пIелгаш Iиттийта – хиндоцчуьнга сатийса, цахиндолчуьнга сатийсарца, ша-шен садаа
Шамали лекха – кIадда ца деш, мукъа Iан
Шен дикнах чекхвала – цхьаьнггера а гIо а доцуш, не-хан дикане са а ца туьйсуш
Шечунна тIегIерта – ша бохучунна, шена луучунна
Ши /ши-кхо/ дош ала – доцца ала, кIеззиг къамел дан
Шина гIанта тIехаа гIерта – шина метте /дарже/ цхьа-босса кхийда
Эсала караваха – атта, дуьхьало ца еш караваха; шен лаамехь
Юкъ ехка – цхьана Iалашонна, нигатна гIароллехь лат-та, даима кийча, сема хила
Юкъ яста – герз охьадилла, тIом сацо, маьршачу дахар-на тIеверза
Юккъехула шениг дийца – кхечуо дуьйцург тидаме а ца оьцуш, шена луург, шен садуург дийца
Юм яйта – эккхо, лалла, вадийта; масъян
Юьстах латта – тобанца воцуш, ша къаьстина; дакъа ца лоцуш
Яхь яха – цхьана хIуманна иракарахIитто; яхье ваха
ЯьIни тIера лаца – вортанна тIера, карара ца волу волччу меттера лаца
ЯьIни тIе хаа – коьшкала хаа, тIевожа, шена хьалхара лело
Iад дула – таIзар дан, ницкъ бан
Iажрахьта хIотта – карчам /пачхьалкхан карчам/; къаьхьа де хIотта
IалагIожа вовшахтоха – цхьаьна цадогIурш цхьаьна-детта
Iаьл-даьIахк а ца /йита/ йиса –хIумма а буха ца диса
«IаьнцI-IаьнцI» бахийта – етта; къиза /етташ/ хьовзо
Iетто дог даийта – чIогIа дог даккха, дохковаккха
IV
Айвина лело – /сийдеш/ вазвина, лерина лело
Ана вакъо – сингаттамехь валло
Аренаш идо – даккхий гIуллакхаш лело, ваха-ван /гена/ мало ца еш, некъаш гездан
Аьшпаш лало – аьшпаш ботта
Бага еко – дукха лен /дукхахьолахь – эрна/
Бага йоккха гIатто – дукха дезаш, доцчу денца шена цадогIучунна тIекховда
Бала тIеийзо – /са дуткъа долуш/ хьалххе дог лаза; цхьана хIуманна са карзахдала
Бат /муцIар/ сетто – резавацаран билгало: цавешаш бе-тан уьшаршца дог къадо, юьхь тIе даккха
Берзан пха баго – берзан бехке меже яго /куьг бехкениг гучуваккхархьама /
Бозбуунчалла лело – са даьхьна, бIаьрса Iехийна, хье схьаэцна, хьаьнг-хьаьнга а цадалург дан
Буйна вало – каравало, шен лааме вало
Букъ берзо – цхьаннах хервала; къаста
Букъ буо – чIогIа дог датIо, йоккха хIуьттаре ян
БIаьрг кхардо – нехан бIаьргаш чохь кхардаман суйнаш лепо
БIаьрг Iабо – бIаьрг буза, синан йокхалла хьао
БIо къажо – дан ца хIотта /ца ваьхьаш, ца тешаш, даго диканиг ца хьоьхуш/
БIостанехьа дерзо – нийсса юханехьа, дуьхьал дерзо
Виълара вожо – тоьхна голашка вахийта: тоьхна вожо
Вовшашна тIетеIо – ша-ша ца дина баха, кхечунна тIететта; ша-ша ца дан гIерташ бахьанаш леха
Вуха ца вогIу волччу хьажо – вен, хIаллакван; боккха-чу кхерамна кIел кхосса
Гай Iехо – вуззалц ца юуш, мацалла Iехо
Гел хьовзо – къовла, гатте волла, низам чIагIдан
Гехь лело – хала лело, цунна хьалхара а лелаш
ГIурт кего – дагна, хьекъална литта, тIаьхьакхиа атта доцург лело
ДегI дадо – ведда кIелхьаравала
ДегI дацо – къахьега
ДегI дIагIерто – нуьцкъах, амалца дегI тоьттуш лело
ДелаIад хIотто – ницкъ бан, маIзар дан; дохо-даржо
Ден мере /докъе/ хьажо – вен, хIаллакван; новкъара дIаваккха
Дог кховдо – дагара хаийта, деган лаам бовзийта
Дог кхоо – ассна лара, къинхетам бан, вас ца ян
Дог хьао – /деган/ хьогалла яйа; дог Iабо; къинтIераваккха; бала байбан, хаза кхаъ баккха
Дог Iовжо – доккха халахетар дан; лазамениг ала
Докъан басе вало – йиттина сенкаваккха, чIогIа етта /дегI а Iарждеш/
Дош десто – деза детта, доцург тIе а детташ дийца; цхьа-на дашна тIеверза
Дош текхо – текхна-а лен, вистхила; йист яккхар тIаьхьатетта; цхьанна делла дош чекхдаккха гIерта
Доьша дао – чомехь боцу кхача бао
Дуьнене кхайкхо – гIарадаккха, массарна а дIахаийта
Дуьне кхоло – боккха цатам бан, бохам баккха
Дуьне ласто – доккхачу хьуьнарца дуьне цецдаккха; шен цIарах цхьаъ даржо /ун, идея/
Дуьне ловзо – сакъера; доккхачу хьуьнарца юкъарчу да-харехь хийцамаш бан
Йома лато – тап-марха ян; кIеззигчу харжаца, къинхье-гамца бахьана лело, тема дан
ЙоIстаг ловзо – йоIстагца сакъера, цунах марзо эца
Ка йохо – аьтто бохо
Кеп хIотто – тап-марха ян, сурт хIотто, тера лела
Ког шаршо – хелхар дан
Корта метта бало – дарба лело; кхето
Корта хьовзо – хье схьаэца, шен аьллар тIе ваккха
Коше кховдо – дIаволла /й, б, д/; вен
Коьшкала хао – тIехао, ги хао
Куьйгаш тIехь лело – хала, лерина, сийлахь-вазвина лело
Кхакха бего – етта, дIасаласто; таIзаре оза
Къамкъарг /бага, кIар-кIар / еко – лен; дукха, эрна лен
Къа хьарчо – къа лато, къилахь дерг дан
Къаьхьа Къемат хIотто – ДелаIад хIотто, къиза, луьра хьаша, ата, цIий Iано
Къелла Iехо – жим-тIамма бахам гулбан
Къиза хьовзо – къиза ницкъ бан, барт хатта,
Къута дина лачкъо – чIогIа хьулдан, къайладахьа
КIажийн пха /пхенаш/ хадо – доккха зен дан, мел бол-чу аьттонах ваккха
ЛартIе дало – хорша дерзо, низаме, хила дезачу кепе, куьце дало
Лаьтте кховдо – дIаволла, коша вилла
Махцаргаш лехьо – кега-мерса хIумнаш лехьо
Милт яго – эшо, аьтто бохо, новкъара дIаваккха
Могашалла ялхо – могашаллина леткъа, йоцу /ледара/ могашалла йийцаре ян; цамгарш йийца
Молханаш яо – къахьвен /къахьъен/ я марзвен /марзъен/ молханаш къайлах лело; молханаш, цул совнаха, мога-шалла талхош а хуьлу /хьера воккхуш, ша-шена тоьхна лечу хьола тIе воккхуш, са кIамдеш, синехьа воккхуш, и. дI. кх. а/
Мох бацо – мохах пайдаэца
НаьIар тIехьа /неIсагIехь/ латто – шеца ца нисвеш, шен де дIалуш улле ца вита, геннахь латто
Невцан кеп лело –невцан гIиллакх лело, сурт хIотто
Нускалан кеп лело – нускалан гIиллакх-гIуллакх дIакхехьа, дIакхоьхьу сурт хIитто
Орам бакъо – орамца бухдаккха: хIу кхачо, доь дайа
Пал кего – кIеззигчу ницкъаца цхьаъ лело
Пхьуьйшахь лело – дахаран халонех ларван, цунна хьалхара лела, тIома кIела а воьллина лело
Са дадо – ведда Iожаллина кIелхьарвала
Са кхоо – къахета, лерам бан, лара
Са /дог/ лачкъо – дагахь дерг хьулдан, къайладахьа
Са мере дало – хIотто, гIелван, ницкъ бан
Стиглах маIаш гIерто – дуьненах Iехавелла, вуьзна карзахваьлла, сонта мел дерг лело
Сурт хIотто – тера лела; доцург ду моттийта
Той тезете дерзо – диканехь, тойхь буохам баккха, вер-ваккхар дан
Тур лесто – кхерамаш тийса; ницкъ гайта
Тяьжгенаш лело – гIуллакх дIа ца дохуьйтуш, чекх ца доккхуш, къардайна бехказлонаш, доцу бахьанаш кхий-ла
ТIам хьовзо – кура, ша-шех тоам беш, доггах хелхаяла
ТIаьхьа вазо – тIаьхьа веха, кхийла, дегайовхо кховдо
ТIехула кеп лело – юьхьдегалла лело, моттаргIанаш ле-ло
ТIехь кIажа хьийзо – кога кIела волла, ницкъ бан, хьий-зо
ТIехьарчу когаш тIе хIотто – даг тIе куралла йоссо, сонтаваккха
Уьйр-марзо дебо – уьйраш, марзонаш хьекъо, совъяха
Ун даржо – юкъараллина зенехь дерг даржо
Хорша дерзо – меттадало, лартIе, низаме дало
ХьагI есто – хьагI дебо, хьекъо, марсаяха
ХIилла хьовзо – хIилла дан
ХIу доло – цIарах-цIийнах доьзал боло, дебо; юьртаба-хаман орамат я дийнат юкъадало, дебо
Цергаш хьекхо – цабезам кхехко, IаIо, шайн аьтто хил-лалц хала садетта
Цхьа да велхо – цхьаъ дакъазваккха, боккха бохам бан
Цуьргаш лехьо – вехар воцчу стеган амал: IаIам хир боцу кIезиг хIумнаш гулъян, царах дезар дан; къийвала
ЦIартIе хьовзо – ДелаIад /Къематде/ хIотто, валаран-висаран зил тIе вига
ЦIе есто – цIе марсаяккха
ЦIе йожо – сий дайа
ЦIий Iано – вер-ваккхар дан, адамаш хIаллакдан
ЦIий човхо – цIий меттахдаккха, доладалийта, дохдан
ЦIийла карчо – вен
Чалх текхо – IалагIожа вовшахъетта
Чета воьллина лело – зенах-зуламах тIех ларван
Чоьхьа ласто – арара чукхосса; пхьор дан; яа
Шекар чехо – церг тухуш шекар даа; шекарца чай мала
Эзарлахь къасто – дукханнех цхьаъ къасто, билгал-ваккха
Юьхь яго – юьхьIаьржахIотто, Iоттабаккхам бан
ЯьIна яо – къахьега, дукъ дIатекхо
Iаьммарг Iамо – хуучунна хьеха
Iовдал Iамо – цакхетаверг кхето гIерта
V
Амал кагъян – амал тIера ваккха
Багахь тIом бан – дашца дуьхьало ян, кхерамаш тийса
Бат дуръян – бетах хIума тоха
Баьпгах лан дан – бепиг даа
Букъ кагбан – хIуьттаре ян
Буьрка ян – карчо, керчо
Вала /яла/ дан – эхь дан, юьхьIаьржо ян
Гача бан – кхерсташ лела
ГIам-гIим дан – яппаршца дуьхьало ян; хIун дуьйцу а ца хууш дийца
ГIенагIан дан – гIан диц а деш, цул доьхнарг
ГIучIа /гIурт, гIучIар/ бан – иэдан, даржо, кегарий бан
Дакъа /шийла дакъа / дан – вен
Дамар-дарц дан – ата, аьтта дIадаккха
Дашах ши дош дан – дош ца лардан
Дашна дуьхьал дош дан – дош кагдан
ДегI хьаналдан – доладаккха; куьйган бакъо яла
ДегIана ял ян – садаIа; дегIе садаIийта
Доьххнарг дан – юьхьIаьржо ян; цаоьшшург дан
Дуьне къахьдан – гатте волла, Iазап далло; эхарт мар-здан
Дуьне тIарал гатдан – готта хьовзо
Зуда йогIу агIо бан – ков-керт цIандан, чоьнаш кечъян
Зурма ян – деха дахдан
Истангах топ ян – истанг дIахьарчо: новкъа вала, вада кечам бан
Иэрчо ян – ирча сурт хIотто; къиза, луьра таIзар дан; дохо, даржо, къиза харцо ян
Йиш-маIаш ян – уьшарш ян
Йиш тоян – аз тодан, меттадало
Кегарий бан – гIурт бан
Кехат Iарждан – яздан /дIогара мехала доцург/
Кир-басар /кир-сир/ дан – кир тоха, басар хьакха
Кит дохдан – етта, таIзар дан
Коча качван /ян/ – кIадван; хьаста, хьаьстина дог лало
Куьг шардан – кхоччуш карадерзо
Кхьаъ-кхало ян – кхаъ бала, совгIат дан
Къайлах мах бан – шуьйра ца даржош, зуда долаяккха /махьар бан/
Къаьхьа къурд бан – иэхье къурд бан; иэша; боккха бо-хам лан, харцонна кIел саца; собарца сатоха
КIес кIамъян – ойлане вала, халчу киртигехь хила; ше-квала
КIожам-чим бан – чим тIе кхаччалц дагийна дIадаккха
Латта къеждан – ахка, тIекIелтаса, асар дан
Лаьттах иэван – /чIогIа/ охьатоха, лаьттах тоха, хьаша
Лергаш ирдан – сема ладегIа
Маларх даар дан – маларе верза; хIора денна виллина молуш хила
Махьар-шахьар дан – зуда яло; зуда ялийнчохь там-мах, ловзар дан
МаIаш кегъян – иэшо, таIзар дан, шен туьша нисван
Мизан /Мийзан/ терза дан – чIогIа нийса нисдан; лери-на оза, дуста
Мимша дан – сий дайа
Моз дан – марздан; хьаго
Мотт маргIал лебан – кIеда-мерза дийца
Муьшка ян – яй-йн Iотта, тоха
Нана яларг дан – эхь-вала дан
Пес /мадъян/ йохъян – тоха, етта
Са марздан – дуьне къахьдан, синехьа верзо
Тап-марха ян – тера лела, тема дан; тIехула кеп ян
Тема дан – цхьа бахьана дан, йома лато, лол тоха
Тойх тезет дан – той, ловзар вер-ваккхарца тезете дерзо
Урх малъян – тесна, шен лаамехь дита
Хирг /шен хирг/ дан – далург дан
Хичаш /хич/ ян – меже, дегI меттахдаккхарца уьшар ян
ХьатIари /тIатIари/ бан – кегарий бан; гIурт бан
Хьогалла къаръян – хьогалла иэшо, лахъян, яйа
ХIоз бан – хIазаран кепе яло; иэшо /хьарчо, сатто/
ХIу бехдан – хIу иэдан
Цаца бан – шортта яккхий, дера чекх-чевнаш ян /хIоьънашца, ирачу герзаца/
ЦIа ван – меттаван, кхета; юхаверза
ЦIано ян – шеконаш дIаяха; тIехь кхоьллинарг юхаэца, цунна даре дан; йила, горгам, нуй хьакха
ЦIий хьаналдан – бекхам тIера баккха, гечдан; муьтIахьаллин лакхара тIегIа
ЦIоганах шад бан – некъана кечвала
ЦIока йохъян – етта, жоьпе озо
ЦIоькъалом дан /цул тIаьхьа цIоькъалоьман цIога дан/ – тIех вазван, хасто; доцчу хьуьнаран да ван
Чу са дан – гIуллакхаш тодала, когахIотта, когаваха
Шабар-шибарш дан – меллаша, лохачу озаца вовшашца къамелаш дан
Шад бан – иэсе дижо, нигат дан; некъана кечам бан
Шен туьша нисван – шен де дIадала, сацо, охьатаIо
Эхарт марздан – дуьне къахьдан
Эхь-вала дан – юьхьIаьржо ян
ЮргIанах топ ян – юргIанах хьаьрччина дIавижа
VI
Адам дац – адамца хила дезарг шеца долуш вац /къинхетам, гIиллакх-оьздангалла/
Адмаллех хьаса бац – адам данне а дац
Алаза-дийцаза дац – масийттаза аьлла, баьхна
Ала юьхь яц – бакъо яц; эхь-бехках хаьдда хир ду
Ахь йиънарг яйна яц – хьуна хьакъ ю, хьанала ю; хьоьгара доккха хьуьнар даьлла
Ахь /гIаж Iоьттинчуьра, тас Iанийнчуьра/ буьртиг бийначуьра ваьлла вац – хьол хIумма а оьшуш вац, хьан доллу дакъа ду
Багара йолу Iаь а стегачух тера яц – лер-аларехъ: аз а, йиш а боьрша дац
Бан тамаша бац – цеце дац, гинчарех, дайначарех ду
Башха дидиш а вац – дIогара дика вац, хаза вац
Башха Заза а яц – дIогара хазчарех а яц
Башха эхIъаьлла хIума а дац – тамаш балла хIума а дац; даккхийчарах а дац
Борз яц – катухучарах вац; дуьхьало ен йолчарах вац
Боьрша а, стен а вац – калацIола
БIаьргана ган а вац – гуш а вац, къайлаваьлла
Вайга хоьттуш дац – вайн карахь дац
Вай долчохь хийра нах /стаг/ а бац – кхечухьа хьехо мегар дац
Вайн карахь хIума /хIумма а/ дац – вайга нислур дац, ницкъ кхочур бац; цхьана агIор вай декъахь дац
Вайна оьшуш дац – вайн бала бац, вайна пайдехьа дац
Вала воллучунна даг тIе хьакха а яц – къен ю, атта ка-рош яц
Велла Iуьллуш вац – цо дуьхьало ян мега, иштта атта а хир дац
Вижа каш дац – со къинтIера ца валахь я ца ваккхахь
Гена гIур вац – текхо, тоьпо я гуро лоцур ву; иштта дIогара доьналла долуш а вац; сацор ву
Генахь дац – гена ваха ца оьшу; дукха хан ца йисна
Гуьнахь вац – охIла вац
Даккхийчех дац – халчарах, дезчарах дац
Даха дог дац – сатуьйсийла янне а яц
Даьхни дац – пайденна дац /й, б, в/
Делха а, дека а дац – велча халахета а, висча хазахета а аддам дац; цхьаъ-цхьалха ву
Дидиш вац – дика, хаза вац
Дийца санна атта дац – дан аттачарех дац
Дийццал дац – маьIне, чулацаме, мехала дац
Диканна /диканиг хир/ дац – дика болх хир бац
Дикка цIахь вац – лартIехь вац, коьртаца дика вац
Динарг дуьту зама яц – зама луьра ю; бекхамна маьрша ю
Долчун да вац – шен хIуман доладийр долуш вац
Дохка а, эца а дац – къелла; хIумма а дац
Дуург дуьне дац – дуьне дууш ца воллу
Дуьйцу хезна хIума дац – инзаре тамашийна ду
Дуьйцуш санна дац – дуьйцуш долчул сов ду, иштта дац; атта дац
Жима вац – и далла я ца /ца хаъал/ далла жима вац
Зама тешаме яц – ларвала везаш, луьра зама ю
Зирх бац – жимма а, кIеззиг а дац
Зуда бац – зудчун декхаршца ларош яц; вон зуда ю
Зурманца /вотанца/ лехча а карош вац – мел чIогIа лехарх карош вац
И ца хаъал вац – хаа деза, жима вац
И а аьлла дуьтучохь дац – иштта а аьлла IадIийча, кха-чаме дац
Йиснарг дукха хан яц – дукха хан ца йисна; кестта цхьа йист ер ю
Кега цадар бен, маслаIат дац – IаддаIар бен, дарба дац; кегийча, зен хилар, догдалар бен, тодала хIума дац
Ког биллал латта дац – латта данне а дац
Когашкара хадийна вац – /хьол, шул/ оьшуш вац; шуьга нисса дакъа ду
Киса дац – ахчан таро яц, ахча дац
Кор а дац, коран кIело а яц – хIумма а, кIадда а дац /ков-керт, латта дац/
Корта бац – хьекъал дац; хьекъална генара вац
Коча вац – дог чIогIа ву; оьгIазе, шога вистхилар долуш ву; кIеда-мерза вац
Коьртах тоха тIулг а лур бац – писалла валла воллу
Коьртана /коьртаца/ дика вац – хьекъална эшна ву, цхьа са аьрта болуш ву
Куьйгаш охьаэгар дац – болх барх хIумма а хир дац
Кхин галдолийла яц – чIогIа галдаьлла
Кхин дан а дац – кхин догIуш а дац; кхечу агIор хуьлийла яц
Кху /цу / чу хьерадаьлла жIаьла а эккхар дац – боьха, жирга меттиг ю
Лен тайпа дац – лийр вац; милла велча и дийна вуьсур ву
Моз дац – мерза дац /вац/; аттачарах дац
Моз доккху моза бац – цIенна я юкъарллина пайде вац
Новкъахь Iуьллуш дац – къа ца хьегча, хир дац; хьуьнар
оьшу
ОхIла вац – гуьнахь вац, цу хIуманна говза вац
СадоьIу дегI дац – ин са а дац; цхьа аддам дац
Сан /деваша/ стунда вац – сан гергара, соьгахьа озабе-зам бийр болуш вац
Сан талха хIума дац – суна зен хир долуш хIума дац
Тера-мера дац – барам-бустам-чот йоккха ю
Тера цхьа хьаса бац – тера ванне вац
Тоьпан хезехь а вац – генахь ву
Туьха дехккал, карахь хIума дац – карахь хIумма а дац, цхьана хIуманан да вац
ТIаьхьа богIуш бIо а бац – сихвала цхьа а бахьана дац
ТIекхета хIума дац – IаIа, тодала, нисдала хIума дац
ТIетоха а, дIадаккха а дац – шадерриг шен меттахь, тоаме, кхачаме ду
ТIетоха а, тIехтоха а дац – десто а, Iотта а хIума дац
ТIехь а /дац/, кIелахь а дац – тIетесна, кIелтесна хIума дац; къелла
ТIехь бен Iаш /Iийр волуш/ вац – коьртехь бен; лакхе езаш, хьаькмалла дезаш ву
Хилла меттиг а бац – лар а яц
Хьалакхоьссича, охьа а вац – хIумма йоцург ю; цхьана а хIуманна пайденна вац
Хьан нанас йина яц – йиша яц, гергара яц
Хьаста а, човхо а дац – ша цхьаъ ву; доьзал бац
Хьера кIелахь карийна вац – шул оьшуш вац; тхуна оьшуш, дукхавезаш ву
Хьожа а яц – цхьа а лар а яц; доь а дац; хIумма а дац
Хьожа-мода а вац – цхьана а агIор гергара вац
Хьоьга кхаччал деха а дац – хьан бала болуш дац
Хьуна луш ерш нехаш яц – хьуна луш ерг мехала хIума ю
ХIуй-жуй дац – цхьа а хIума дац; садоьIу дегI а дац
ХIуман сахьт дац – Iожалла я юьхьIаьржо кога кIел ю; хуьлу, олий, ца хуьлу
ХIумма а вогуш вац – шек а вац
«ХIуп» аьлча, бIаьрга эккха а дац – ур-атталла нех а яц, хIумма а дац; еса ю
Цинц бац – данне /янне а/ дац
Цкъа кхаллал а хаза вац – хаза ванне а вац
Цхьа «ахI» доцуш дац – цхьаъ доцуш дац
Цхьана кошахь а тарлур вац – барт хир бац; берта вогIур вац
Цхьана яй чохь кхехкийча а, цхьаьна уьйр вац – бер-тахь хир вац
Цунах /баппиш/ кIалдмарзаш хир яц – цунах гIуллакх хир дац, пайда хир бац
Цуьнга аьлчий бен, и телхар дац – тIаккха кхоччуш телхар ду
Цхьаъ доцуш дац – лаа дац
ЦIа а, цIе а дац – цIа ваха цIа а /ков-керт, доьзал/, наха яккха цIе а /хьуьнар, ассна/ яц; хIумма а дац
Чохь а, тIехь а дац – чохь йийбар, тIедуьйхина /тIедуха/ духар а дац; къен ву; къен хьал ду
Шаберш цIахь бац – хьекъална эшна ву
Шен кхарда дог дац – цунна хаьа-кх, и теш ву-кх
Эхьан тIадам бац – эхь данне а дац
IаIам хир болуш дац – тIекхетар /толур/ долуш хIума дац; пайда хир бац
Iовдал вац – лела, дийца хаьа; шегахьа дерг дика хаьа; ша левойтур волуш вац
VII
Амале ваьлла – амал толийна, амална тIаьхьахIоьттина
Ахчанехьа ваьлла – ахчане марзвелла
Аьллар тIера ваьлла – ла ца дугIуш, низамера ваьлла
БаI ваьлла – гIеметтахIоьттина; кечвелла, вухавелла
Водучу тIе ваьлла – готта хьовзийна, холчухIоьттина
Волчарна совваьлла – волчарна а ца оьшуш, новкъа волуш
Вон лела ваьлла – хийцавелла, дика доц-доцург дан-баха ваьлла, аьллартIера ваьлла
Вуьзна ваьлла – шорта хьал-бахам IаIийна, IаьIна; тоам хилла
ДегI лаамера даьлла – дегI аьллар тIера даьлла
ДегI пиллиг /тIома/ даьлла – пиллиг санна дайделла
Денош дагардечу даьлла – хан ларъечу; дукха хан ца йисна
Дош дашера даьлла – дашна дуьхьал дош деъна
Дош доцчу даьлла – пайдабоцчу даьлла
Дуьне диъна ваьлла – вала дукха хан ца йисна; чIогIа къанвелла, кIелвисна
Дуьненна тIаьхьаваьлла – дуьненах Iехавелла, дуьне лохуш, дезаш, цунах самукъадолуш
Заббари а яьлла – къорза, /чIогIа/ юхаелла
Зударий кхийла ваьлла – цхьаъ ялош, важа юьтуш; зу-дарий тIеттIа кхийла
Иккхина ваьлла – сиха; сихха /дIаваха/
Кийрахь маж а яьлла – дукха къена ву, дукха хууш ву
Кула ваьлла – хьаьхна, кIордийна, хьех-мерах чек-хваьлла
Куьйга кIелара ваьлла – аьллар тIера ваьлла
Леман тIера даьлла – хоршара, лартIера даьлла
Либарзад а яьлла – чIогIа кечъелла
Назнай а ваьлла – баьрччехь хецца тIекIел а ваьлла, паргIатваьлла Iилла
Наха сагIа ца лучу тIе ваьлла – сий дайна, сийдоцчу ваьлла
Нукурсак а яьлла – чIогIа /къорза/ кечъелла
НIаьна меттах баьлла – хьайна
Пайдабоцчу ваьлла – кIезгвелла, писвоьлла
Седа хилла дуьхьалваьлла – чIогIа дуьхьалваьлла
Сецна даьлла – хадам боллуш, хийцам хир боцуш
Сийдоцчу ваьлла – сий дайна; телхина, вуочу агIор хийцавелла
Синехьа ваьлла – сине ладегIа ваьлла, са марзделла /цамгаро лаьцна, валарчу вирзина/
Стаг хуьлчуьра ваьлла – стаг хир ву ала даха дог до-цуш
/Вехна/ ТIуртIаз а ваьлла – чIогIа вехна, дегIана дола ца далуш
Хаза воцчу ваьлла – вехна, мелла; гIиллакхах воьхна, оьздангаллех хаьдда; къанвелла, тишвелла
Харц лен ваьлла – тиларчу вахна; къорум лен ваьлла
ХIоьттина ваьлла – воккхахилла; дахарх, говзаллех, Iилманех хоттавелла ваьлла
Цамгарш лехьо ваьлла – кест-кеста цомгуш хила, цам-гаро леца
Цхьалха яьлла – бер дина; марера цIа еъна
Цхьана хIуманна карзахваьлла – юьхьIаьржонна, бо-хамна араваьлла
Цу агIор /цига, цаьрца/ леста ваьлла – цу агIор эха
ЦIарах-цIийнах ваьлла – мел долчух, гергарчарах хаьдда
Чета ваьлла – чета куьг а дахийтина; ши бIаьрг чета хьажийна
Ши ког хьалха дуьненчу ваьлла – къотIалгIа /махьарза/ вина
ШолгIа ваьлла /хьенех-минех/ – ватIийна-ваьккхина, чIогIа тера; изза
Эмисси яьлла – амнисти хилла, паргIато яьлла
VIII
Воккхаллехьа лестича – къаналлина гергавахча
Голана вазвелча – дегI дазделча, къаналле лестича
ГIодал-гIаддайча – кхин дан хIума доцуш дисча; чIогIа гIаддайча
ДегIе ладегIа ваьлча – цамгарш лехьо ваьлча, цамгаро дегI лаьцца
Хабар хебаршка эха даьлча – хабар гIелдела, лахдала доьлча
Хилларг хилла даьлча – хиламан йист яьлча, бохам тIекхаьчна баьлча
Ца хуьлчу даьлча – доцчу даьлча, кхин некъ ца битча, собар кхачийча
Цу тIе даьлча – аша иштта бахахь; цу хьоле кхаьчча
ЦIоган кIел хи кхаьчча – хилларг хилла даьлча; бохам тIехIоьттича, меркIел схьахIоьттича
Ша бохучуьра даьлча – шен аьллар тIера, лаамера даьлча
Шерийн мохь базбелча – къаналлехьа лестича
Ши малх схьакхетча /ши пIераска цхьаьнадеъча/ – цкъа а хиндоцург
IX
Дата добавления: 2015-07-25; просмотров: 85 | Нарушение авторских прав
<== предыдущая страница | | | следующая страница ==> |
ЧАСТЬ ТРЕТЬЯ | | | СМОЛЕНСК 2007 1 страница |