Студопедия
Случайная страница | ТОМ-1 | ТОМ-2 | ТОМ-3
АрхитектураБиологияГеографияДругоеИностранные языки
ИнформатикаИсторияКультураЛитератураМатематика
МедицинаМеханикаОбразованиеОхрана трудаПедагогика
ПолитикаПравоПрограммированиеПсихологияРелигия
СоциологияСпортСтроительствоФизикаФилософия
ФинансыХимияЭкологияЭкономикаЭлектроника

2-ая аттестация по Вайнахской этике ст. преп.каф.чеченской филологии Мамаловой Х.Э



2-ая аттестация по Вайнахской этике ст. преп.каф.чеченской филологии Мамаловой Х.Э

 

F1: Вайнахская этика

 

1. I:

S: Синкъерамехь я ловзаргахь ша лоруш волу стаг хелхаволуш йо1 хьалаг1аттар

+: шен ларам гойтуш

-: шен оьздангаклла гойтуш

-: шен лаамна

-: ша гайтархьама

 

2. I:

S: Хьешо шена т1е захало даийтича, йо1а ша реза яцахь а, шен г1иллакх гойтуш иштта жоп ло цунна

+: оцу синкъерамехь цунна реза хуьлу, ткъа т1аьхьалонна дош дац шен олу

-: реза яц ша олу

-: цуьнца хелхайолу

-: дагара дуьйцу

 

3. I:

S: Хьаша-да веъначу синкъерамехь цунна цу юьртара цхьа йо1 хазаеллехь, х1усамдас иштта х1ума до

+: и йо1 цига кхойкхий, ялайо

-: и йо1 цунна ялайо

-: 1адда юьту

-: кхин мехкарий кхойкху

 

4. I:

S: Синкъерамехь шена т1е захало даийтинчу к1антана ша реза ца хилахь, цуьнга болчу лерамна кхечу к1енташка иштта жоп ло йо1а

+: цунна санна, реза ца хиларца

-: реза хиларца

-: бехк баккхарца

-: дог дахарца

 

5. I:

S: Заахал дечу хенахь хьенан лаам хилла коьрта

+: йоь1ан

-: к1ентан

-: ден-ненан

-: вешин

 

6. I:

S: Заахал дечу хенахь йоь1ан орамах уггар ч1ог1а толлург

+: нана, неннана

-: дехой

-: йиша, ваша

-: бахам

 

7. I:

S: Чекхдаккха кица: «Заахало дийнахь….»

+: стогар а латабай диэ

-: стогар байэ диэ

-: дийнахь диэ

-: данне а ма диэ

 

8. I:

S: Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта лехам бу

+: адам ларар

-: хьал-бахам, даьхни гулдар

-: даржехь болу нах ларар

-: муха а шен ц1е яккха лаар

 

9. I:

S: Нохчийн кхетамехь адамийн дахар мел деза лерина, «дуьне дохар» стенца доьзна ду

+: маьрша цхьа стаг верца

-: къематде т1едарца

-: бохамаш хилча, латтанаш текхарца

-: т1ом баьлча

 

10. I:

S: Нохчех элий хила г1ерташ болу нах халкъо х1аллакбина, нохчо массо а эла ву аьлла д1акхайкхина хан

+: XV

-: XIV

-: XIX

-: XII

 

11. I:

S: Стаг шен хьолаца шен тайпанан вежарел я юьртахойл лакха ца валийта кхоьллина г1иллакх

+: байттал ваккхар

-: махках ваккхар

-: к1арлаг1а х1оттор

-: куй баккхар

 

12. I:

S: Нохчаша пхьоьхана ца буьтуш хилла

+: зударий

-: кегий нах

-: баккхаий нах

-: бераш

 

13. I:

S: Вайн къоман оьздангаллин боьршачу стагана луш долу уггара а лакхара дарж

+: къонах

-: эпсар

-: инарла

-: божа

 

14. I:

S:Хьаша лерина, хьешана ц1а чохь луш хилла меттиг

+: баьрччехь

-: наь1арна уллохь

-: ц1енкъа юккъехь

-: цхьана сонехь

 

15. I:

S: Хьешана ша лерина х1усамдас дийнна уьстаг1 бийний хаийта

+: уьстаг1ан массо межех дакъа хьалха дуьллуш хилла



-: корта хьалха буьллуш хилла

-: т1а хьалха дуьллуш хилла

-: когаш хьалха буьллуш хилла

 

16. I:

S: Хьаша т1е воьссина масса де даьлча хатта мегаш хилла х1усамдас и вар бахьна

+: кхоъ

-: шиъ

-: диъ

-: пхиъ

 

17. I:

S: Хьаша т1евоьссинчу х1усамдена т1едог1уш хилла уггар доккха иэхь

+: хьешан тешнабехк бича, 1оттар йича, и бохамах лар ца вича

-: хьошалла ца дича

-: уьстаг1 ца бийча

-: бежан ца дийча

 

18. I:

S: Нохчаша бусалба дин т1еэцале, хьешийн, шуьнхойн хьашташка хьожуш, оьшург т1ейохьуш хиллачу кегийрхойх олуш хилла

+: маклаттархой

-: г1оьнчаш

-: хьадалчаш

-: геланчаш

 

19. I:

S: Синкъерамехь йо1 хелхаяьлла охьахууш, човсо дуьхьала г1аж а лаьцна, цуьнан да мила ву хаьттича, цуьнан ваьллачу верасо иштта х1ума до

+: ахча тосу

-: хелхаволу

-: догдоху

-: дагара дуьйцу

 

20. I:

S: Синкъерамехь йо1ана т1ехьажийна кад цо шен т1ехьийзачу к1ентан аг1ор д1ахьовзийча цо иштта х1ума до

+: ахчанца иза схьаоьцу

-: хелхар до

-: вистхуьлу

-: дагара дуьйцу

 

21. I:

S: Цаяллал синкъерамера шен д1аяха дезнехь, йо1а иштта х1ума до

+: тхьамдехула шена бехказло йо

-: хелхайолу

-: йистхуьлу

-: дагара дуьйцу

 

22. I:

S: Дуьненан синкъерамна делла дош д1ахадош к1анта йо1е олу

+: баркалла

-: дагара дуьйцу

-: безам балхабо

-: 1одика йо

 

23. I:

S: Шена цхьа дош а делла, синкъерамехь кхечуьнца сакъоьруш йолчу йо1ана оцу к1антa олу

+: тхьамдера пурба а доккхий, бехк боккху

-: хелхаре кхойкху

-: дов доккху

-: шен дагара ца хоуьйту

 

24. I:

S: Шена цхьа дош а делла, кхечуьнца сакъоьруш йолчу йо1ана к1анта бехк баккхар хила деза

+: оьзда, и йо1 юьхь1аьржа а ца х1оттош

-: юьхь йоккхуш

-: беламе

-: к1оршаме

 

25. I:

S: Йо1ана т1ехь ойла сецча, к1анта цуьнгара дош доккху

+: дуьненан т1аьхьалонан дош

-: дуьненан синкъераман дош

-: баркаллин дош

-: т1аьххьара дош

 

26. I:

S: Лула чукхайкхар, заахало дийцар хуьлу

+: юкъехь теш а волуш

-: къайлаха

-: массарна а гуш

-: нахана юкъехь

 

27. I:

S: Ловзаргахь цхьа йо1 лаьтташ а йолуш, кегий нах

+: цхьа к1ант охьа ца хуу

-: охьаховшу

-: мехкарий охьа ца ховшуьйту

 

28. I:

S: Вуонехь а, диканехь а нохчаша туьллуш хилла куй

+: холхазан куй

-: кхакханан куй

-: б1ег1аган куй

 

29. I:

S: Болх беш я кертахь лелош болу куй

+: кхакханан куй

-: холхазан куй

-: б1ег1аган куй

 

30. I:

S: Аьхка мангал хьокхуш я кхин тайпа болх беш туьллуш болу куй

+: б1ег1аган куй

-: холхазан куй

-: кхакханан куй

 

31. I:

S: Стаг бераллера волуш, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожош х1aра деш хилла нохчаша

+: юкъ йоьхкуш

-: зуда ялош

-: боввоккхуш

 

32. I:

S: Шен духарехь к1анта уггар лерина кечйой, массарел тоьлла хуьлуьйтуш ерг хилла

+: шаьлта, доьхка, герз

-: хеча

-: коч

-: мачаш

 

33. I:

S: «Болх ирс долуш хуьлда хьан» олу нохчаша

+: стага болх беш хьо цунна т1екхаьчча

-: новкъа волуш

-: хьаша-да веъча

-: хьошалг1а веъча

 

34. I:

S: Воккхачуьнца новкъахь схьавог1уш жимачо муьлха аг1о ларъян еза

+: аьрро

-: аьтто

-: хьалха а ваьлла д1авоьду

 

35. I:

S: Пхьохана ваха бакъо маца йолу к1ентан

+: юкъ ехккал хилча

-: зуда ялийча

-: бовваьлча

-: бахам гулбича

 

36. I:

S: Хьаша-да веъча, зудчо стенна т1ехь само ян еза

+: шен ма-хуьллу, дика юург кечъярна

-: цунна лерина синкъерам х1оттор

-: цунна мехкарий гайтар

 

37. I:

S: Нохчаша шаьш ц1а дечу заманахь, хьешана деш хилла долу совц1а

+: оти

-: уча

-: тоьла

 

38. I:

S: Ша т1евоьссинчу х1усамехь хьешана х1ун бехкам хилла

+: оцу х1усамера йо1ана т1ехьовзар

-: юха а вар

-: синкъераме вахар

 

39. I:

S: Чекхдаккха кица «Генарчу вешел…»

+: уллора лулахо тоьлу

-: генара лулахо тоьлу

-: юьртара нах тоьлу

 

40. I:

S: Доьзалхо ийманехь кхиор хьенан декхар ду

+: ден а, ненан а

-: йиша-вешин

-: лулахойн

-: юкъараллин

 

41. I:

S: Адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцан дозанаш

+: г1иллакх

-: ларам

-: тешам

-: барт

 

42. I:

S: Чекхдаккха кица «Хьайн ца лозу корта…»

+: ма бехка

-: бехка

-: бита

-: лаца

 

43. I:

S: Хи т1ера йог1учу йо1а шена воккха стаг дуьхьалкхетча

+: некъ а буьтий, букъ берзабо

-: т1ех а йолий, д1айоьду

-: де дика а дой, д1айоьду

 

44. I:

S: Синкъерамехь йо1ан хьекъал муха зуьйш хилла нохчаша

+: цуьнга дош хаттарца

-: цуьнан хелхарехь

-: цуьнан леларехь

-: цуьнан амалехь

 

45. I:

S: Тезета воьдучо уггар хьалха стенна т1е тидам бахийта беза

+: духарна

-: бахамна

-: амалшна

 

46. I:

S: Къоман оьздангаллин синмехаллаш, синц1еналла, синамалш шайн т1аьхьешна д1акхачало

+: ненан маттехула

-: радиохула

-: телевиденехула

 

47. I:

S: Нана-мохк, Нана-дег1аста, ненан мотт олу вай

+: ненан санна, церан сий дан дезарна

-: атта хетарна

-: ненах тера хиларна

 

48. I:

S: Хийистехь мехкарех марехь йолу зуда иштта къаьсташ хилла к1антана

+: к1удале хьаьжча

-: хазаллица

-: дикаллица

-: тароне хьаьжча

 

49. I:

S: Дуьненан т1аьхьалонна дош доккхуш, к1анта йо1ера тешамна йоккху

+: ч1уг, я сахьт, я йовлакх

-: ахча

-: кехат

 

50. I:

S: Хийистехь я кхечахьа к1анттий, йо11ий вовшашца дечу къамелах олу

+: дагардийцар

-: догдахар

-: захало

-: безам

 

51. I:

S: Синкъерамехь хьешо хьаьнца сакъера ца магийна

+: хьешаца

-: юьртахочуьнца

-: хазачу йо1аца

-: шел жимачуьнца

 

52. I:

S: Йо1ий, к1антий б1аьцанашца, уьшаршца, б1аьргашца «къамел дарх» олу

+: дог дахар

-: сакъерар

-: безам

-: захало

 

53. I:

S: Синкъерамехь я ловзаргахь цхьаьнгара г1алатло яьлча тхьамдо дан тарло

+: цунна г1уда тоха

-: иза хелхаваккха

-: цуьнгара ахча даккха

-: цуьнан сий дайъа

 

54. I:

S: Ловзаран «болар», цуьнан д1адахар хьаьнга хьаьжна хуьлу

+: човсан т1ахъаьлла хиларе хьаьжна

-: тхьамде хьаьжна

-: жухарге хьаьжна

-: хьеше хьаьжна

 

55. I:

S: Жухаргаша к1ант б1аьрмециг лоруш, иза «хьийзаво»

+: т1ехьийзачу йо1ан кад ахчанца схьа ца эцча

-: т1ехьийза йо1 хелха ца яьккхича

-: хелха ца ваьлча

-: йо1ана т1ехьоьвзича

 

56. I:

S:Диканехь а, вонехь а сатухуш хилар

+: собар

-: яхь

-: комаьршалла

-: тешам

 

57. I:

S: Стеган дахарехь сица а, ц1ийца а доьзна долу коьртачех долу х1ума

+: сий

-: яхь

-: собар

-: комаьршалла

 

58. I:

S: Стага шена т1елоцу декхарийн гуо хуьлу

+: синкхетам кхиъна хиларе хьаьжжина

-: къинхетаме хьаьжна

-: собаре хиларца

-: доьналла хиларца

 

59. I:

S: Стаг верца нисдеш хилла долу х1ума

+: сий дайар

-: къинхетам д1абалар

-: латар

-: г1иллакхах вохар

 

60. I:

S: Стага ша-шена т1елоцу декхарш

+: оьздангаллин декхарш

-: нах бекъар

-: нахах къехкар

-: лакхене кхачар

 

61. I:

S: Шена бечу «эшамца» нахана юкъехь сийн лакхене валар

+: г1иллакх хилар

-: нахах тарвалар

-: къийсавалар

-: эхь хетар

 

62. I:

S: Дуьненан маршо йихкича а д1а ца даккхалуш дерг

+: синмаршо

-: эхь

-: тешам

-: эшам

 

63. I:

S: Чекхдаккха дешнийн маь1на «Г1иллакх Ялсаманера схьадеъна ду…»

+: цу чу духа даха дезаш а ду

-: лелор дика ду

-: лелор мехала ду

-: лелорца стаг вехаш хуьлу

 

64. I:

S: Нохчаша шайн дег1ан маршо йихкича а лардина доза

+: синмаршо

-: парг1ато

-: безам

-: тешам

 

65. I:

S: Нахана юкъехь корта айбина д1алела юьхь к1айн хилар

+: сий хилар

-: собар хилар

-: даьхни хилар

-: дарж хилар

 

66. I:

S: Стаг верал дайн ца хеттарг

+: сий дайар

-: ямартло хилар

-: гамо хилар

-: хьаг1 хилар

 

67. I:

S: Оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар

+: шен ворх1е дена а, т1аьхьенна а хьалха жоьпалла хилар

-: собар хилар

-: эхь хилар

-: тешаме хилар

 

68. I:

S: Ша санна, шена уллора стаг а маьрша вуйла хаар

+: стеган маршо ларъяр

-: стагах кхеташ хилар

-: хьекъале хилар

-: хьаг1-гамо хилар

 

69. I:

S: Стеган маршо йоьхкуш долу дуьненан низамаш

+: хан, 1алам, валар, юкъаралла…

-: бахам, тешам

-: даржехь хилар

-: сий хилар

 

70. I:

S: Дала адамашна хи, малх санна елларг

+: маршо

-: эхь

-: безам

-: тешам

 

71. I:

S: Шен гергара стаг харцлуьйш велахь, цуьнгахьа г1одаккхар лоруш хилла

+: иэхье

-: дика

-: бен а доцуш

-: мегаш хилла

 

72. I:

S: Шен доьзалехь зудчун уггар коьртачех долу декхар

+: ц1ийнан ц1е ларъяр

-: бахам гулбар

-: чохь ц1ано латтаяр

-: кечлуш хилар

 

73. I:

S: Чекхдаккха кица «Хазалла сарралц…»

+: дикалла валлалц

-: сихалла сарралц

-: дикалла тахханалц

-: адамалла гуттар а

 

74. I:

S: Нохчаша синкъерам кхолларан маь1на

+: йо1-к1ант довзийта

-: йо1 нахан гайта

-: хелхар дан

-: эшарш лекха

 

75. I:

S: Хин-коьртехь безам бийцар

+: шовда санна ц1ена безам хилийта

-: нах цигахь ца хиларна

-: ларамза

-: цигахь довзарна

 

76. I:

S: Зуда ялийча, стунцхошна хьалха невцана т1едужу

+: стунцхошца г1иллакх лелор

-: бахам гулбар

-: царна ша д1авовзийтар

-: цаьрца гергарло ца лелор

 

77. I:

S: Лаьттана стага беш болу уггар боккха ларам

+: цу т1ехь хьанала къахьегар

-: иза тесна дитар

-: иза д1адер

-: бен а доцуш хилар

 

78. I:

S: Хьаша-да вог1у х1усам муха лерина нохчаша

+: беркате

-: ц1ена

-: хаза

-: бахам болуш

 

79. I:

S: Хьаша-да веъча х1оттош хила

+: синкъерам

-: ловзар

-: тезет

-: белхи

 

80. I:

S: Хьаша-да реза цавар, цунна цхьа вас яр муха ду

+: иэхье

-: дика

-: тидамза

-: хала

 

81. I:

S: Стеган оьздангалла муха евза

+: цуьнан леларехь

-: бечу балха т1ехь

-: т1ахъаьлла хиларехь

-: могашалла хиларехь

 

82. I:

S: Шен ден а, ненан а сий динарг муха лору

+: сийлахьа

-: хаза

-: исбаьхьа

-: нахаца тарлуш

 

83. I:

S: Коьртахь куй лелоран бакъо маца йоьхку

+: зулам а дина, сий дайча

-: воккха хилча

-: цомгаш хилча

-: зуда ялийча

 

84. I:

S: Г1а-бецо эцна а, эцаза ца йиснарг

+: ч1ир

-: мекарло

-: сий

-: ларам

 

85. I:

S: Ловзаргахь нехан самукъадоккхуш, гуона юкъехь хьийзарг

+: жухарг

-: тхьамда

-: човс

-: хьаша

 

86. I:

S: Адамашна юкъехь машаран з1е тийсина 1адатан кеп

+: масла1ат

-: 1адат

-: дов

-: ч1ир

 

87. I:

S: Таймин Биболата дийцарехь, цуьнан сий мичара доладелира

+: чуьра дуьйна

-: арахьара

-: нахера

-: гергарчаьргара

 

88. I:

S: Дена а, доьзална а юкъехь г1иллакх, уьйр-марзо латтош ерг

+: нана

-: йиша

-: ваша

-: лулахо

 

89. I:

S: 1аламера нохчаша схьаэцна мехкарийн ц1ераш

+: Зезаг, Шовда

-: Макка, Мадина

-: Залина, Амнат

-: Разет, Амнат

 

90. I:

S: Синкъерамехь йо1е дош хаттаран маь1на

+: цуьнан хьекъал зер

-: цуьнан ойла йовзар

-: дагара хаар

-: синкъерамна

 

91. I:

S: Мостаг1чуьнга вистхуьлуш а лардан деза оьздангаллин доза

+: оьзда вистхилар

-: салам далар

-: маршала хаттар

-: гергарло лелор

 

92. I:

S: Таллархочо, шена дежаш цхьа экха гича иштта дан деза

+: иза яьжна яллалц 1адда юьту

-: ен магош ду

-: ларъян еза

-: 1адда йита еза

 

93. I:

S: Несо ша керлачу доьзале чукхаьчча, дуьххьара х1оттош долу г1иллакх

+: мотт кхабар

-: ц1ераш ца яхар

-: лераме хилар

-: хит1а яккхар

 

94. I:

S: Мардас шен нус г1алатяьлча, шен йо1ана дов даран маь1на

+: несан шех эхь-бехк д1а а ца доккхуш, иза кхетаян

-: йо1е цуьнга д1аалийта

-: нус ца езарна

-: йо1 ца езарна

 

95. I:

S: Дечиг даккха хьуьнах воьдучо дитташка болчу лерамна, къинхетамна х1ун дан дезаш хилла

+: диг къайладоккху

-: маршала хотту

-: хада ца до

-: диг охьадуьллу

 

96. I:

S: Чекхдаккха кица «Биъ ког боллушехь…»

+: говр а йолу гал

-: говр а ца южу

-: стаг а лен

-: говр а хецало

 

97. I:

S: Шайн доьзалхо Деле воьхуш, мовлид а йоьшуьйтуш, саг1а даккхар

-: сунтвар

+: хьакъикъат дар

-: юкъ ехкар

-: ц1е тиллар

 

98. I:

S: Шен доьзалхо дуьнен т1е ваьлча дас х1ун деш хилла

+: масех дийнах эхь-бехк лоций къайлаволуш хилла

-: ловзар х1оттош хилла

-: синкъерам беш хилла

-: парг1ат 1ааш хилла

 

99. I:

S: Стеган 1аламца йолчу юкъаметтигехь нохчаша уггар коьрта лийринарг

+: къинхетам хилар

-: беркате хилар

-: ц1ена хилар

-: т1ахъаьлла хилар

 

100. I:

S: 1аламехь шаьш зийнарг шайн доьзалхочун амалехь ган лууш, нохчаша х1ун деш хилла

+: цунна изза ц1е туьллуш

-: иза цунах тарвеш

-: 1адда вуьтуш

-: саг1а доккхуш

 

101. I:

S: Нохчаша шайн божаршна тоьхкуш хила йолу олхазарийн ц1ераш

+: Аьрзу, Леча…

-: Майрбек, Казбек

-: Адам, 1ийса

-: Хьусен, Хьасан

 

102. I:

S: Воккхачу стаге саламна метта кегийрхоша хьал-де муха хотту

+: могаш-парг1ат, де дика дарца

-: т1ехволу

-: вист а ца хуьлу

-: 1одика йо

 

103. I:

S: К1ант пхийттара валале дас, нанас хьакъикъат мосаза дойту

+: шозза

-: цкъа

-: кхузза

-: пхоьаза

 

104. I:

S: Коьртара куй баьккхина дина долу дехар муха лоруш хилла

+: деза, гуттар ч1ог1а

-: хаза, оьзда

-: иэхье

-: ларамза

 

105. I:

S: Харш тосучу дийнахь оьздачу зудчуьнга х1у д1адаларан маь1на

+: цуьнан куьйгийн беркат х1ух д1аэйта

-: дозаллина

-: безамна

-: кураллина

 

106. I:

S: Кунта-Хьаьжа шен хьехамаш бан волавелла шо

+: 1860

-: 1860

-: 1785

-: 1864

 

107. I:

S: Кунта-Хьаьжа лаьцна д1авигна шо

+: 1864

-: 1860

-: 1862

-: 1865

 

108. I:

S: Нохчийчохь оьрсийн паччахьан 1едал т1едале хилла юкъараллин д1ах1оттам

+: Мехк-кхел

-: шахьаран кхел

-: элийн куьйгалла

 

109. I:

S: Нохчийчохь элий, лай боху декъадалар юкъара д1адаьккхина

+: XV

-: XII

-: XVI

-: XIV

 

110. I:

S: Нохчаша кхечу къаьмний элий кхойкхуш хилла

+: шаьш т1едихкина декхарш кхочуш дан

-: шайна т1ехь олалла дан

-: шайна юкъахь нийсо ян

-: т1амехь хьалхабовла

 

111. I:

S: Шен юртахойл сов бахам 1а1ийначу стагана иштта деш хилла

+: байттал ваккхар

-: махках ваккхар

-: к1арлаг1а х1оттор

-: хьера кхайкхор

 

112. I:

S: Мехкан-кхел лаьтташ хилла

+: х1ора тайпанна юкъара векалх

-: х1ора к1оштара векалх

-: х1ора юртара векалх

-: х1ора шахьарера векалх

 

113. I:

S: Мехк-кхел юкъа воьдуш хилла

-: 100

-: 103

-: 99

+: 108

 

114. I:

S: Юьртахь а, махкахь а низам латтош хилла

+: Мехк-кхело

-: 1едало

-: моллано

-: юьртахоша

 

115. I:

S: Муха стаг оьцуш хилла Мехкан-кхиэлан юкъа

+: шен схьавалар ц1ена долу стаг, шен ворх1е а дегара даьлла цхьа сакхат доцуш

-: хьекъал долу стаг

-: оьзда стаг

-: 1елам стаг

 

116. I:

S: Мехкан-кхиэлана а, нахана а юккъехь з1е латтош хилла

+: туркхаша

-: имамаша

-: молланаша

-: юртан къедаша

 

117. I:

S: Нохчийчохь мехкан да а, т1еман да а хилла

-: Мадин Жаьммирза

+: Таймин Биболат

-: Адин Сурхо

-: Зайтан Шихмирза

 

118. I:

S: Алдара Ушурма г1аьттина хан

-: 1877

-: 1839

-: 1800

+: 1780-85

 

119. I:

S: Алдара Ушурма г1аттале кхоллаеллера Нохчийчохь

+: тилла-тобанаш, г1еранаш

-: 1уьт1ин тоба

-: дикачу нахах тоба

-: майрачу к1ентийн тоба

 

120. I:

S: Алдара Ушурма ваьхна шераш

+: 1760-1797

-: 1740-1800

-: 1720-1760

-: 1810-1850

 

121. I:

S: Алдара Ушурмас нахе бина кхайкхам

+: иймане дуьйла

-: т1ом бе

-: вовшех лата

-: кхечеран латтанаш схьалеца

 

122. I:

S: Ушурма г1аьттинчу Алдына оьрсийн паччахьан эскар т1елетира

+: 1785

-: 1725

-: 1750

-: 1789

 

123. I:

S:Алдына т1елеттачу оьрсийн паччахьан эскарна коьртехь хилларг

+: Пьери

-: Барятинский

-: Кундухов

-: Ермолов

 

124. I:

S: Шейх Мансур аьлла ц1е тиллира Ушурмина

+: т1амехь толам баккхарана

-: т1амехь эшарна

-: хьекъал хиларна

 

125. I:

S: Имам Шемал Нохчийчохь г1аьттина хан

+: 1839-1864

-: 1805-1830

-: 1820-1845

-: 1841-1870

 

126. I:

S:Имам Шемална нохчийн г1иллакх-оьздангаллехь хийца ца делларг

-: малар

-: синкъерам

-: цигаьрка

+: вайн г1иллакхаш

 

127. I:

S: Жоьра бисинчу зударшка шайна маре баха боьрша нах къастабойтуш хилла

+: Имам Шемалан заманахь

-: Таймин Биболатан заманахь

-: Алдара Ушурмин заманахь

-: Аьлбаг-Хьаьжин заманахь

 

128. I:

S: Жоьра йисинчу зудчо хаьржина стаг и йига реза ца хилча

+: стаг ор чохь валлош хилла, цо шен ойла хийццалц

-: цунна етташ хилла

-: иза вуьйш хилла

-: набахти чу вуллуш хилла

 

129. I:

S: Имам Шемала Нохчийчохь дихкинарг, юкъара д1адаьккхинарг

+: вах1он маларш, цигаьрка озар

-: ши зуда ялор

-: синкъерам бар

-: илли алар

 

130. I:

S: Имам Шемалан заманахь керта томка дийна стаг

+: виэн кхачош хилла

-: махках воккхуш хилла

-: юьртах воккхуш хилла

-: етташ хилла

 

131. I:

S: Имам Шемалан заманахь т1амехь толам баьккхинчун деш хилла доккха совг1ат

+: луьлла оза бакъо ялар

-: малар мала бакъо ялар

-: зуда яло бакъо ялар

-: дешийн шаьлта ялар

 

132. I:

S: Кунта-Хьаьжас нахе бина кхайкхам

-: оьрсийн паччахь 1едална доьхьал т1ом бе

+: мостаг1чунна еш йолу дуьхьало т1амца ца еш, бусулба дин лелорца е

-: мостаг1чунна тешнабехк бе

-: мостаг1чунна ямарт хила

 

133. I:

S: Нохчийчохь г1арабевлла хилла илланчаш, забарчаш

+: Д1ай юьртара Чора, Котар-юьртара Мази, Курчалой-Эвлара Кура Закри

-: Шуьйтара Баха

-: Веданара Гана

-: Билтара Очча

 

134. I:

S: Хонкара-Махкара Нохчийчу еъна Кунта-Хьаьжин йо1 Эсет, 1едало д1алаьцча

к1елхьара яккхинарг хилла

+: Бух1ан юьртара хьолада Дунга-Хьаьжа

-: Шелара хьолада Эллах

-: Курчалойн-Эвлара Абубакар

-: Эвтарар Зарма

 

135. I:

S: Дадин юрт йоккхуш йийсаре вигначу к1антах хуьлу

+: ц1еяххана суртдиллархо (академик Петр Захаров)

-: ц1еяххана илланча

-: т1еман турпалхо

-: г1араваьлла яздархо

 

136. I:

S: Советан 1едало х1аллакбира нохчийн

+: устазаш, 1еламнах, оьзда нах

-: къаьркъа молурш

-: къола дийраш

-: мотт беттарш

 

137. I:

S: Дукхахболчу нохчаша Советан 1едалан г1олацаран бахьана

+: цхьана дикане, нийсоне сатуьйсуш

-: шайн муьт1ахь хилар гойтуш

-: цабевллачу денна

-: кхерабелла

 

138. I:

S: Советан 1едало дина диканиг

+: ишколаш, берийн бошмаш, кхин а доьшу меттигаш ехкар

-: совхозаш, колхозаш

-: комсомол, партии

-: кулакаш, середнякаш, беднякаш

 

139. I:

S: Советан 1едало вайн г1иллакх-оьздангаллина дина зе

+: зударий талхор, коьртара йовлакхаш д1адахар, комсомольски ловзарш дар

-: божарий маларшца оьвхьазабовлар

-: вовший лерам цабар

-: 1едална хесталуш вовшийн меттанаш деттар

 

140. I:

S: Нохчий бохийна Сибрех бигна хан

+: 1944ш. фералан 23 де

-: 1940ш. февралан 20 де

-: 1941ш. январан 29 де

-: 1943ш. февралан 15 де

 

141. I:

S: Нохчаша Сибрех уггар хала лайнарг

+: мацалла

-: шело

-: йовхо

-: г1ело

 

142. I:

S: Солженицин шен «Архипелаг ГУЛАГ» дийцарехь дохийначу къаьмнех мостаг1чунна хьастацалуш, дарехь шен цабезам гойтуш сица маьрша чекхдаьлла къам

-: г1алг1ай

+: нохчий

-: немцой

-: джуьгтий

 

143. I:

S: Ц1ера даьккхина нохчийн халкъ, оцу къематдийнахь

+: гулделира шен оьздачу 1еламнахана гонаха

-: доьхна д1адахара

-: даьржина д1адахара

 

144. I:

S: Нохчаша Сибрех яьккхина хан

+: 13 шо

-: 10 шо

-: 15 шо

-: 20 шо

 

145. I:

S: Нохчийчу нохчий Сибрех бигча далийна къам

+: суьлий

-: х1ирий

-: гуьржий

-: г1алг1азкхий

 

146. I:

S: Вайн къам Сибрех дигарх лаьцна йолу «Даймахке сатийсар» ц1е йолу стихотворении

язйина

+: Гадаев Мохьмад-Селахьа

-: Арсанукаев Шайхис

-: Мамакаев 1аьрбис

-: Абдуллаев Лечас

 

147. I:

S: Вайн Сибрех яккхинчу заманахь г1иллакх-оьздангаллехь хийцамаш хилира

-: дикачу аг1ор

+: вуочу агор

 

148. I:

S: Сибрех ц1адирзинчул т1аьхьа 1едало д1аболийра вайн г1иллакх-оьздангалла

+: талхоран болх

-: тояран болх

-: шоръяран болх

-: карладахаран болх

 

149. I:

S: Советан 1едал доьхначул т1аьхьа х1ун хьал хилира Нохчийчохь

+: шаьш маьрша пачхьалкх кхуллу бохуш тобанаш кхоллаелира, нохчий шина декъе

бекъабелира

-: цхь а хийцамаш бацара

-: нохчийн цхьабарт бара

 

150. I:

S: Советан 1едал доьхначул т1аьхьа маса т1ом хилла Нохчийчохь

+: шиъ

-: кхоъ

-: цхьаъ

-: биъ

 

151. I:

S: Нохчийн легендашкахь дийнатийн мотт хууш волу Пайхамар

-: Нохь-Пайхамар

+: Сулайма-Пайхамар

-: ИбрахIим-Пайхамар

-: Луд-Пайхамар

 

152. I:

S: Нохчийн преданехь Исмайлин Дудас, карахь кIант а волуш, схьайогIуш хиллачу зудчо шеца хIоттийначу гIиллакхана дуьхьал хIун дина

-: ахча делла

-: баркалла аьлла

-: говр елла

+: тапча елла


Дата добавления: 2015-08-29; просмотров: 90 | Нарушение авторских прав




<== предыдущая лекция | следующая лекция ==>
5. Планы семинарских (практических) занятий | Человек, предлагающий приобрести товар или услугу, выступает в роли:

mybiblioteka.su - 2015-2024 год. (0.178 сек.)